Шемахь а, Иракъехь а жигара дIахьош бу Россин бахархойн кхолламах дерг къасторан а, уьш шайн махка цIаберзоран а болх. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ВКонтактехь йолчу шен социальни агIонехь.
Цо дийцарехь, Герггарчу Малхбален а, Къилбаседа Африкин а мехкашкахь волчу лерринчу векалан Сабсаби Зиядан хIокху деношкахь цхьамогIа цхьаьнакхетарш хилла Иракъерчу даржашкарчу нахаца. Ша аьлча, «цуьнан цхьаьнакхетарш хилла Иракъан Лаккхарчу суьдан Советан Председательца Зейдан Фаикца а, терроризман гIуллакхашкахула волчу лакхарчу суьдахочуьнца Iабдулкерим Хьусамца а. Оцу цхьаьнакхетаршкахь барт бина Россин бахархойн хьокъехь долу дерриге а тептарш цхьаьна суьдахочуьнгахь хир долуш. Цо дикка аттачу доккхур ду цаьрга хьовсар а, Россера бераш цIадерзорехь деш долу гIуллакхашка хьовсар мелла а сиха чекхдаккха а», – боху Р.Кадыровс.
Цо чIагIдарехь, иштта сацам хилла итт де даьлча З.Сабсаби чубоьхкина болчу Россерчу зударшца цхьаьнакхетийта. И цхьаьнакхетар дIахьур ду Россин Багдадехь волчу генконсула дакъа а лоцуш.
«Цигахь дIахьур ду уьш а, церан бераш а цIадерзоран бакъонийн, юридицин цхьа некъ лахар. Карарчу хенахь Россин МИД-хь дIахьош ду Иракъехь чубоьхкина болу Россера зударий вайн мехкан бахархой (гражданаш) бу-бац хьовсар. Царна йинарг луьра кхиэл ю. Уьш Иракъан законаш ду. Вайн бакъо яц уьш ца лара», – яздо республикин Куьйгалхочо.
Р.Кадыровс билгалдаьккхина йина йолчу хIора а кхиэлана чуелла апелляци хилар а, оцу хьола тIехь терго латтош меттигера а, Россера а консультанташ хилар а, дерриге а гIуллакхаш вайн говзанчийн тергонехь хилар а.
«Суна цхьацца хабарш хезна, цхьаболчу зударша, бусалбанийн къинхетаман фондийн гIоьнца, адвокаташна яла харжаш вовшахъетташ ю бохуш, и адвокаташ суьдан процессана юкъагIортийта. Ас, чIогIа тешна хиларца дIахьедо шуьга, хIокху хьолехь цхьа а адвокат оьшуш вац. Иза эрна хан а, нехан ахча а дайар ду. Тхо юх-юха а хьовсур ду оцу гIуллакхан йист яккха», – яздо Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Цо иштта хаам бина, ша тIедилларца, ДНК-на цIий дIадалийтаран гIуллакх вовшахтухуш хиларан хьокъехь. Цо таро лур ю Герггарчу Малхбален мехкашкахь дуьнен чу девлла вайн бераш, цхьа а дуьхьало а йоцуш, Росси схьадало. И болх баро церан гергарло долу нах гучубаьхна ца Iаш, таро лур ю оцу берашна Россин гражданство яла а.
«Багдадерчу приютехь 8 баттахь хан яьккхинчу Табарик цIе йолчу йоIана сагатдеш мел хиллачаьрга кхаъ баккха лаьа: йоI Росси схьаялийна. Цуьнан керла доьзал бу. Иза дикачу меттехь а, дикачу нахехь а ю… Оха, кхул хьалха а санна, Россин куьйгаллин тIедилларца, дIахьур ду вайн кегий махкахой цIабалор, цунна оьшуш мел болу «Iаьржа болх» а беш. Къамел Россин гражданийн дахарх а, маршонах а хьакхалуш хилча, иза тхан сийлахь декхар ду», – дерзадо шен къамел Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Д.АНАДЕВ
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 29-гIа де, 2018 шо