Юкъаралло емалдира килсана тIелатар

Соьлжа-ГIаларчу М.Лермонтовн цIарах йолчу пачхьалкхан оьрсийн драмин театрехь цхьаьнакхетар дIадаьхьира хIокху деношкахь.

Къаьмнашна юкъа туьйсучу питанечу зуламех лардаран некъаш лахаран Iалашонца вовшахтоьхнера и цхьаьнакхетар Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаменто.

Цигахь дакъалоцуш вара оцу Департаментан директор Абазов Рустам, республикин Парламентан депутат, Нохчийчоьнан Къанойн советан председатель, Iеламстаг Ахмадов Сайд-Iабдулла, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу граждански юкъаралла кхиоран а, адамийн бакъонаш ларъяран а советан председатель Алиев Тимур, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатель Денильханов ИcмаьIал, муфтин наиб Абдуллаев Аслан, килсан векалш, кхиберш.

Масех де халха, Соьлжа-ГIаларчу Архангелан Михаилан килсана зуламхой тIелатаро руспубликин бахархой оьгIазбахийтина хиларх а, муьлххачу а динехь а езачу меттигашна тIе куьг дахьар доккха къа лоруш хиларх а лаьцна дийцира гулбеллачара.

Абазов Рустама кадам бира зуламхойн карах кхелхинчеран гергарчаьрга, оцу тайппанчу сингаттамаша ваьш дехачу а, болх бечу а меттигашкахь чIогIа сема хила дезаш хилар билгал а доккхуш.

– Хууш ма-хиллара, килсана тIелатарна бехке волу 4 зуламхо хIаллаквира республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана куьйгалла а деш. КхидIа, кIад а ца луш, оцу тайпанчу зуламах тIекхуьуш болу кегийрхой ларбаран Iалашонца къахьега деза вай, сема хила деза. ХIинццалц бина болх кхин а жигарабаьккхина ца Iаш, эвсарабаккха а беза, – элира цо.

Иштта, цо дийцира кегийчу нехан кхетам лакхабаккха безаш хилар коьртачу Iалашонех цхьаъ хилла дIахIотта дезарх а, терроризм а, экстремизм а боху кхетамаш нохчаллица цхьана а кепара богIуш цахиларх а лаьцна.

– Вайн дахар даима а маьрша хилийтархьама Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана къаьсттина тидам тIебохуьйту тIекхуьуш долу къона чкъор ийманехь кхетош-кхиорна а, вайга оцу декъехь болх байтарна оьшуш мел долу хьелаш кхолларна а, – билгалдаьккхира Абазов Рустама.

Абдуллаев Аслана билгалдаьккхира оцу зуламдайн ерриге а республика «юьхьIаьржа» хIотто а, къаьмнашна юкъахь питана даржо а Iалашо хилла хилар.

– Уггаре а Iеса яьхкинчу хенашкахь а цхьа а цакхевдина килсашна тIе. Зуламхойн Iалашо, республикехь бехачу бусалбанашна а, керстанашна а юкъахь хьагI-гамо а, питана а тасар хилла. Делахь а, Делан къинхетамца, церан Iалашонаш кхочуш ца хилла! Ткъа вай, Дала мукъ лахь, кхул тIаьхьа и тайпа зулам Нохчийчохь цахилийтархьама, ницкъ мел кхочург дийр ду, – элира цо.

Оцу тайппана зуламаш шаьш емалдеш хилар хаийтира цхьаьнакхетаран чаккхенехь зала чохь болчара.

А.АЛИЕВ

№40, шинара, хIутосург (май) беттан 29-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: