Форумехь «Ведучи» курорт йовзийтира

Россин культурин пачхьенехь Санкт-Петербургехь хIутосург (май) беттан 24–26-чуй деношкахь дIаяьхьначу Петербурган дуьненаюкъарчу экономикин форуман (ПМЭФ–2018) гурашкахь Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолу министерство а, Къилбседа Кавказан федеральни округан субъекташ а, округехь кхочушъечу инвестицийн проекташна Iуналла деш йолу компанеш а («Къилбаседа Кавказан курорташ», «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпораци», и.дI.кх.а.) цхьаьна йовзийтина яра.

Цигахь йовзийтинчу проекташна юкъахь, «стратегин маьIна долу проекташ» аьлла, йовзийтина яра Кхарачойн-Чергазийн Республикехь еш йолу медицинин кластер а, Дагестанехь ян лерина йолу Каспин (Таркхойн) транспортно-логистикин комплекс а, иштта, Кхарачойн-Чергазийчуьра «Архыз» а, ГIебартойн-Балкхаройчуьра «Эльбрус» а, Нохчийчуьра «Ведучи» а дукхахьаштийн курорташ а.

«Стратегин маьIна доцучеран» могIарехь Къилбаседа ХIирийчуьра «Цори» а, ГIалгIайчуьра «Армхи» а, Дагестанера «Матлас» а курорташ яра.

Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министерствон а, Къилбаседа Кавказан федеральни округан субъектийн а, округехь кхочушъечу инвестицийн проекташна Iуналла деш йолчу компанийн делегацина коьртехь вара Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу федеральни министран хьалхара заместитель Байсултанов Одес.

Оццу форуман гурашкахь Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетан а, Санкт-Петербурган туризм кхиоран комитетан а хиллачу бартаца нийса а догIуш, хIутосург (май) беттан 27-чу дийнахь Чинехь шен болх дIаболийначу туризман дуьненаюкъарчу форумехь Нохчийн Республикин гайтам а Санкт-Петербурган туризм кхиоран комитето дIабаьхьира.

Цул сов, оццу бартаца нийса а догIуш, Нохчийчоь а, Санкт-Петербург а лерина ю Россехь Halal Friendly концепци кхочушъярехь цхьаьна болх бан.

Оцу концепцин лехамаш кхачам боллуш кхочушбойла хилахь, бусалба пачхьалкхашкара богIучу туристашна Санкт-Петербургехь а, Нохчийчохь а леррина хьелаш кхуллур ду.

И.ХАСАХАНОВ

№40, шинара, хIутосург (май) беттан 29-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: