Шемарчу Дейр-эз-Зор провинцехь террористийн масех гIера тIелетира Iедалан эскаран цхьана батарейна. Царна Россин бIаьхой орцахбовлар бахьанехь ницкъ кхечира зуламхойн тIелатар юхатоха а, царах 43 террорист хIаллакван а. Оцу тIеман тасадаларехь шайгара майралла а, доьналла а, стогалла а гойтуш вуьйжира Россин 4 бIаьхо. Кхелхинарш хьалхатеттина пачхьалкхан совгIаташ дарна.
***
Шри-Ланки пачхьалкхехь дуккха а догIанаш дахкар бахьанехь бахархошна даккхий зенаш хилла, бIеннаш бахархойн хIусамаш йохийна, 19 стаг кхелхина. Зен-зулам а хилла, лаза а вина 128 эзар стаг. Iедалан органаша шайн ницкъ кхочург дерриге а до Iаламан оцу бохаман тIаьхье бахархошна дукха лазаме цахилийтарехьа.
***
Угандехь боккха некъан-транспортан бохам хилла пассажирех йоьттина йолу автобус кхечу машенех а кхетта. Оцу бохамехь 47 стаг кхелхина, лазийнарш а бу. Бакъонашларъяран органийн белхахоша дIахьош ду таллам баран гIуллакхаш. Оцу пачхьалкхехь некъашца цкъа а хилла бацара иштта боккха бохам.
***
Газан декъехь Израилан танко герз диттина палестинхошна, царна юкъара 2 стаг кхелхина, иттех стагана чевнаш йина. Иштта, стомара Израилан тIеман кеманаша бомбанаш а, ракеташ а тоьхна ХАМАС-н тIеман объекташна. Цу тайппана къизалла денна лелош ю. Амма дуьненан юкъаралла, уггаре а хьалха бусалба пачхьалкхаш а йист ца хуьлуш Iаш ю.
***
Ши-кхо де хьалха цхьаьнакхийтира Къилбаседа Корейн а, Къилба Корейн а куьйгалхой Ким Чен Ыр а, Мун Чже Ин а. Цара дийцаре дира Корейн ахгIайренехь машар а, синтем а хилийтарехьа дан дезаш долу гIуллакхаш. Къаьсттина тидам тIебахийтира КНДР-н а, Къилба Корейн а, США-н а Президентийн саммит дIаяхьарна а, Д.Трампаца цхьаьнакхетарна а.
***
Парижехь а, кхечу гIаланашкахь а урамашка бевллачу бахархоша дIахьедо шаьш Францин Президента Э.Макрона дIахьош йолчу политикина дуьхьал хилар. Цара лоьху и политика хийцар я шен даржера Президент дIавалар. Эзарнаш адамаш ду митингашкахь и лехамаш беш. Амма Э.Макрон цаьрга ладугIуш вац.
***
Москвахь Россин Президент Путин Владимир цхьаьнакхийтира Японин Премьер-министраца Синдзи Абэца. Цу шимма, коьртачу декъана, дийцаре дира шина пачхьалкхан юкъаметтигаш кхидIа а чIагIъярехьа, тоярехьа дан деза гIуллакхаш. Боккха тидам тIебахийтира цхьаьна Курилаш а, Россин Къилбаседе а кхиорна. ЦхьаьнагIуллакхаш даран хьокъехь болчу 11 бартана куьйгаш яздира В.Путина а, А.Синдзис а.
***
Россин Премьер-министра Д.Медведевс шайн корматаллин дезачу деношца декъалбира химин промышленностан а, библиотекийн а белхахой. Цо билгалдаьккхира оцу шина а декъехь къахьоьгуш болчеран балхахь баккхий кхиамаш хуьлийла а, церан могашалла хуьлийла а, дахар зовкхе хуьлийла а шена лууш хилар.
***
Вайн мехкан Правительствон декъашхочо, энергетикин министра А.Новака стомара хаам бина «Турецкий поток» цIе йолчу некъаца лаьтта тIехула Европе газ юьллуш биргIанаш вовшахтасар дIадолоран хьокъехь болчу бартана «Газпроман» куьйгалло куьйгаш яздина хиларан хьокъехь. Цунна хетарехь, иза мехала проект ю. Бакъду, США реза яц Россис Европин пачхьалкхана газ йохкар алсамдаккхаран некъаш лехарна. Еза елахь а (30–40 процентана), шен газ йохка лууш ю иза.
***
ТIаьхьарчу шина баттахь Россехь инфляци, алсам ца йолуш, 0,1 процента тIехь лаьтташ ю. Оццу хенахь оханан (апрель) баттахь ВВП (Чоьхьара валови продукт) 1,7 процентана алсамъяьлла. Мехкан экономикин министерствон векалша дийцарехь, оцу терахьаша экономика кхиаран новкъаяьлла хилар гойту.
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 29-гIа де, 2018 шо