Россин спецназан университето кестта туристаш тIеоьцур бу

Гуьмсехь еш йолчу Россин лерринчу службийн (спецназан – авт.) университетехь (РУС) дуьххьарлера туристаш карарчу шеран хьаьттан (август) баттахь тIеоьцур бу. Оццу баттахь чекхдаккха лерина Университет яран хьалхара дакъа, ткъа берриге а белхаш 2019-чу шарахь чекхбохур бу. Петербурган дуьненаюкъарчу экономикин форуман (ПМЭР-2018) гурашкахь иштта хаам бина Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетан председатела Байтазиев Муслима.

«Карарчу хенахь Гуьмсехь еш йолчу Россин спецназан университетан инфраструктурин хьалхара дакъа хьаьттан (август) баттахь кийча хир ду. Цундела, оццу баттахь, Университетан «неIарш» туристашна схьаелла дагахь ду тхо. Кхузахь билгалдаккха догIу оцу туьшехь лерринчу подразделенийн белхахойн хаарш лакхадаьхна ца Iаш, лаьмнашкарчу туризман говзанчаш а кечбийриг хилар. Туристашна керла маршруташ къасторан Iалашонца, Университетан белхахоша хIинцале масех экспедици йина лаьмнашка. Оцу маршруташкахула эскаран «Чаборз» баггин бахархойн версин машенаш хехкийтаран декъехь ойланаш а ю», – билгалдаьккхина цо.

Лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, Россин спецназан университет, 450 гектар майда дIа а лоцуш, 95 гIишлонах лаьтташ йолу дукхахьаштийн туш хир ю.

Цигахь хIокху дакъошкахь говзанчаш кечбийр бу: альпинисташ, тIеман журналисташ, гIаролхой, десантникаш, штурмовикаш, и.дI.кх.а.

Университетан бахамах пайдаоьцур бу Россин лерринчу службаша санна, республикерчу бахархоша а, хьешаша а.

И.АДАМОВ

№40, шинара, хIутосург (май) беттан 29-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: