ХIутосург (май) беттан 1-чу дийнахь, 2017-чу шеран оццу денца дуьстича, республикерчу юьртабахаман предприятешкахь даьхний 12,8 процентана а, уьстагIий а, гезарий а 37,6 процентана а, говраш 50,5 процентана а алсамъевлла хилар а, ткъа зIакардаьхни 16,4 процентана лахделла хилар а гучудолу. Иштта хаам бина «Чеченстато».
Терахьашца аьлча, карарчу шеран хIутосург (май) беттан 1-чу денна, республикерчу юьртабахаман предприятешкахь 9 297 даьхни ду, шайна юкъахь 4 705 етт а, 19 792 уьстагI а, газа а йолуш. Цул сов, 316 говр а, 223 381 зIакардаьхни а ду.
2018-чу шеран кхолламан (январь) а, оханан (апрель) а беттанашкахь, 2017-чу шеран оццу муьраца дуьстича, гучудолу республикерчу юьртабахаман предприятешкахь зIакардаьхни а, даьхни а дайъар 2,6-зза алсам а долуш, 512 тоннан бараме дIакхаьчна.
Иштта, оццу муьрехь, юьртабахаман предприятешкахь 7 286 тонн шура а яьккхина. ХIора а аттера яьккхина шура, лакхахь хьахийна терахь церан дукхаллина юкъахь декъча, 2 149 кийла нисло. Ткъа иза, 2017-чу шеран оццу муьраца дуьстича, 99 кийланна алсам ю.
И.ИСЛАМОВ
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 29-гIа де, 2018 шо