Нохчийн Республикин Iилманийн академис а, Культурин министерствос а, Нохчийн пачхьалкхан университето а сацам бина карарчу шеран товбецан (сентябрь) беттан 11–12-чуй деношкахь «Кавказан халкъийн этногенез а, этнически истори а» аьлла йолу дуьненаюкъара хьалхара вайнехан Iилманан конгресс Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьа.
ХIинцале болх бан йолаелла вовшахтохараллин комитет.
Оцу мехалчу форуман Iалашо ю Кавказан халкъийн этногенезан а, этнически историн а мехалчу проблемийн хьокъехь тайп-тайпанчу школашкара (хьежамаш болу) Iилманчаш вовшех дагабовлийтар, шайна хетарг цаьрга дийцийтар.
Иштта, цигахь дийцаре дан леринчу гIуллакхашна юкъахь ду хIокху тайпана дерш а: Кавказан халкъийн этногенезан проблемаш; вайнехан халкъаш кхолладаларан муьраш; нохчийн халкъан этногенезан а, этнически историн а проблемаш; мотт – этногенетикин код; халкъийн этногенезана миграцин гIуллакхаша тIеIаткъам бар; къам кхолладаларехь культурин маьIна; вайнехан этнически исторехь шира йозанаш историн хьоста санна, и.дI.кх.
Мехала ду конгрессехь къамелаш оьрсийн а, нохчийн а, ингалсан а меттанашкахь дан тарлуш хилар. Цигахь дакъалоцучун лакхахь хьахийначу муьлххачу а маттахь парггIат къамел дан а, шена хетарг ала а йиш хир ю.
Конгрессехь дакъалаца лууш волчуьнгара заявка Нохчийн Республикин Iилманийн академехь схьаоьцур ю 2018-чу шеран мангалан (июль) беттан 20-гIа де тIекхаччалц хIокху адресца: 364024, Соьлжа-ГIала, М.Эсамбаевн урам, 13.
Заявка дIаяхьийта мегар ду Конгрессан вовшахтохараллин комитетан официальни электронни адреса тIе а. Иза иштта ду: scienceforum.2018grozny@mail.ru.
Iилманан статьяш санна кечйина йолу докладаш (14 агIо, 40 000 хьаьрк) Нохчийчоьнан Iилманийн академе дIайохьуьйту лакхахь билгалдаьккхинчу адресца.
Материалашка болчу лехамех а, кхечунах а лаьцна хаа лууш дерг хIокху 8(962)657-33-57 телефонехула а, аdirectigi@yandex.ru электронни адресехула а хатта мегар ду.
Вовшахтохараллин комитет
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 29-гIа де, 2018 шо