Коррупцина дуьхьал – социальни реклама

Россин Федерацин Генаральни прокуратуро дIакхайкхийна Коррупцина дуьхьал социальни рекламин «Цхьана коррупцина дуьхьал» цIе йолчу дуьненаюкъара кегийрхойн конкурс.

Заявкаш карарчу шеран мангалан (июль) беттан 2-чу дийнера эсаран (октябрь) беттан 19-гIа де тIекхаччалц схьаоьцур ю конкурсан официальни сайта www.anticorruption.life тIехь шина номинацехь: социальни у а, социальни видеокийсак а.

Конкурс дIаяхьаран бакъенаш а, пресс-релизаш а Россин Федерацин Генеральни прокуратурин сайта тIехь йовзуьйтуш ю.

ЖамIаш даран цхьаьнакхетар дIахьур ду гIуран (декабрь) беттан 9-чу дийнахь (Коррупцица къийсам латторан дуьненаюкъара де).

№40, шинара, хIутосург (май) беттан 29-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: