Болх жигарбаьккхина

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондо вайн дахаран дерриге а дакъошкахь беркате гIуллакхаш кхочушдо.

ГIийла бохкучу эзарнаш нахана республикехь а, дозанал арахьа а хIусамашца, цомгашчарна дарба дойтуш гIо деш ю фонд. Цул сов, кхачанан сурсаташца а, тIе-кога юхачуьнца а вуно дукха гIо дина тIом бахьана долуш бусалбачу пачхьалкхашкахь гIело ловш болчарна.

Иштта, фондан ламасте дирзина ду хIора Мархин баттахь гIийла-мискачарна марха даста мерзачу дааршца кхачояр.

ХIокху шарахь а и гIуллакх дIахьош бу фондан белхахой. Шемарчу тIамах ведда 500 эзар сов стаг вузо лерина бу уьш хIокху баттахь (оццул сурсаташ ду кечдина). ХIинцале а, мархийн хьалхарчу деношкахь, 12 эзар стаг вузийна цигахь.

Иштта хаам бо Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь.

– Региональни юкъараллин фондан Президента Кадырова Айманис тIедилларца кхочушдеш ду и гIуллакх. Марха дастаран гIайгIа бина ца Iаш, тIе-кога юхучуьнца гIо деш а ю фонд цигарчу нахана. Кхача кечбаран меттигаш алсам йохуш бу белахахой карарчу хенахь, – яздо мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Дамаскехь а, Латакехь а царна уллехь Iохкучу ярташка а дIасахьо волонтераша яахIума (марха даста хан тIекхочуш йовха яахIума дIасакхехьа буьйлало волонтераш).

ТIамах бевддачу нахана доккха гIо-накъосталла хуьлу иштта шайн терго ярх, марха лаца а, даста а яахIума йоцуш Iаш болчу.

Фондо болх бечу хIокху 12 шарахь цара бусулба пачхьалкхашкахь бехачу нахана дIакхачийначу сагIанан юкъара барам иштта бу: 300 тонн кхачанан сурсаташ, 30 тонн берийн яахIума.

Иорданерчу 167 доьзална чубаха хIусамаш тойина, иштта 80 тонн тайп-тайпанчу кхачанийн сурсаташ, 7 500 школийн гIирсаш, 16 эзар берийн тайнигаш дIасаекъна, Ливанерчу тIамах бевддачарна 80 эзар сов даьхни дIасадекъна, иштта, кхин дуккха а ду фондо дина а, деш долу а гIуллакхаш.

Хь.БАХТАЕВА

№40, шинара, хIутосург (май) беттан 29-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: