Хьехархойн говзалла лакхаяккхаран а, церан белхан шовкъ айъаран а, тоьллачу хьехархойн зеделларг шуьйра даржоран а Iалашонца Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос дIахьо тайп-тайпана конкурсаш: «Шеран хьехархо – 2013», «Дог дIало берашна», «Школан тоьлла директор», «Физкультурин тоьлла хьехархо», «Къона хьехархо».
Оцу ерриге а конкурсийн толамхошна совгIаташ дIадаларна лерина даздарш хилира 25-чу майхь М.Ю. Лермонтовн цIарахчу пачхьалкхан драматически театрехь.
Даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Даудов Мохьмада, иштта кхечу а официале наха. Дешаран шо чекхдаларца хьехархой декъал а беш, республикин Куьйгалхочо даггара баркалла элира царна, дешаран хьаьрмахь, шаьш-шайн ца кхоош, беркате къахьегарна. Цуьнца цхьаьна Р.Кадыровс дIахаийтира Пачхьалкхан юкъара экзаменаш (ЕГЭ) дIалуш озабезамаш бар маггане а мегарг цахилар, дешархошна йогIуш йоцу оценкаш яхкар дIа ца даккхахь, дешаран дикалла айъалур яц, чIагIдира цо. Р.Кадыровс иштта билгалдаьккхира, Пачхьалкхан юкъара экзамен дешархойн хаарийн мах хадоран уггаре а бегIийла кеп хилар хено чIагIдеш хилар. Талхораш доцуш и дIаяхьар коьртаниг хилар а.
Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Музаев Анзора хаийтира лакхахь билгалъяьхначу конкурсашкахь 400 сов хьехархочо дакъалаьцна хилар. Цул тIаьхьа конкурсийн толамхошна совгIаташ дIаделира.
«Нохчийн Республикин хьехархо – 2013» конкурсан толамхо ю Соьлжа-ГIаларчу №42 йолчу юккъерчу школан физикин хьехархо Зубхаджиева Iайнаъ. Толамхочунна диплом а, ткъа иштта «Лада-Приора» машенан догIанаш а дIаделира Кадыров Рамзана.
Иштта машен а, диплом а даларца совгIат дира «Къона хьехархо» конкурсан толамхочунна Грозненски районан ЧIишкарчу юккъерчу школан ингалсан меттан хьехархочунна Тутаева Фатимина.
«Нохчийн Республикин школан тоьлла директор – 2013» конкурсан толамхо кхайкхийра Лаха-Неврера №1 йолчу юккъерчу школан директор Джабраилов Iумар.
«Физкультурин тоьлла хьехархо – 2013» конкурсехь хьалхара меттиг яьккхира Чурт-ТогIерчу Исаев Хьусайна. «Дог дIало берашна» конкурсехь кхо толамхо ву (тайп-тайпанчу номинацешкахула): Орсханова Малика (Соьлжа-ГIалин Ленински район), Бугаева Зулпаъ (Грозненски район), Бакарова Липа (Хьалха-Мартан район).
Верриге а совгIат динарг 40 сов хьехархо вара.
Хь.ХАМИДОВ (Пайдаэцна «Грозный-информ агентствон хаамех)