ХIутосург (май) беттан 24–26-чуй деношкахь Нохчийн Республикехь хилира Беларусин а, Россин а Союзан Парламентан Гуламан арахьарчу политикин гIуллакхашкахула йолчу комиссин 76-чу кхеташонан дакъалацархой.

Соьлжа-ГIаларчу аэропорте хьешашна дуьхьал вахара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхара заместитель Абдулмуслимов Сайд-Селим.
Хьешашна юкъахь вара Беларусь Республикин Къоман Гуламан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула а, къоман кхерамазаллехула а йолчу Советан гуттаренна а йолчу комиссин председатель Рахманов Сергей а, Минскан облисполкоман председателан заместитель, Беларусь Республикин Къоман Гуламан дешарехула а, Iилманехула а, культурехула а, социальни кхиарехула а йолчу Советан гуттаренна а йолчу комиссин председателан заместитель Сиренко Виктор а, Беларусь Республикин Къоман Гуламан Векалийн палатин дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу гуттаренна а йолчу комиссин декъашхо Хищенко Анатолий а, Федерацин Советан социальни политикехула йолчу комитетан председателан заместитель Литюшкин Владимир а, кхиберш а.
Радион цIийнехь Беларусерчу делегацин векалшца цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата.
Рахманов Сергейс баркалла элира Соьлжа-ГIала дахка шайн аьтто барна а, дика тIеэцарна а. Цо билгалдаьккхира шайн коьрта Iалашо Беларусин а, Нохчийн Республикин а юкъаметтигаш чIагIъяр хилар.
С.Рахмановс дийцарехь, Беларусь хьалха дуьйна а юьртан бахамна модернизаци ярехь а, шайн пачхьалкх шуран сурсаташ арахецарехь а дуьненахь хьалхе йоккхучу пачхьалкхех цхьаъ хилар.
– Тхан юьртабахаман техникехула нуьцкъала производственни база ю. Цу юкъайогIу тракторш а, юьртабахаман машенаш а. Цул сов, Европин кхечу пачхьалкхехь ерш санна, кхузаманан Iилманан-техникин туьшаш а ю тхо долчохь. Индустриальни юьртан бахам лело дуьйлалуш ду тхо хIинца. Тхуна хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикехь жигара къахьоьгу теплицийн бахамехь. Теплицийн бахаман кхузаманан технологеш ю тхан, царна юкъахь светодиодни серло йолуш а. Светодиодни серлонан гIоьнца оха шозза лакхадаьккхина помидорийн хьекъар а, дикалла а, – дийцира Рахмонов Сергейс.
Умаров Джамбулата билгалдаьккхира догдикалла а, цIано а, къепе а езар а, шен къам дезар а беларусийн къоман амалш хилар.
– Шен коьртехь цуьнан къоман баьчча Лукашенко Александр волу Беларусь социальни-экономикин кхиаран къеггина масал ду. Пачхьалкх нуьцкъала хиларан билгало ю иза, – элира Д.Умаровс.
Министра иштта хаийтира, хIокху шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь ГIалгIайн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министраца Яндиев Муслимца цхьаьна, Беларусерчу Брест гIалахь дIабоьхкина болу турпалхой дагалаца, цига ваха ша дагахь хилар.
Иштта, Нохчийн Республикин Парламентехь, вице-спикер Жамалдаев Шаид коьртехь а волуш, Беларусин а, Россин а Союзан Парламентан Гуламан кхеташо а хилира.
Цигахь Рахманов Сергейс дийцира дIадаханчу шарахь Беларусь Республике, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан коьртехь а волуш, делегаци еана хилар.
Цо билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан шаьш долчу вар вежараллин шина республикина чIогIа мехала хилар а, тIемаш хиллачул тIаьхьа, шен экономика а, социальни дакъа а меттахIотторехь Нохчийчоь доккха зеделларг долуш хилар.
– Нохчийн Республика нуьцкъала регион ю. Экономикин маьIне дакъош – кхуьуш ду кхузахь. Тхайн республиках лаьцна а дийца лаьа суна тахана. Беларусь сиха кхуьуш ю, къаьсттина цуьнан юьртан бахам, промышленность. Оха рынкана латтадо керла а, экологин агIор цIена а долу сурсаташ.
И сурсаташ чIогIа оьшуш а, хьашт а ду дуккха а пачхьалкхашкахь. Тхан юьртабахаман техника оьшуш ю дерриге дуьненахь, дуккха а пачхьалкхашка дIасайохьуьйтуш а ю иза. Шина а агIонна пайдехь хир йолу юкъаметтигаш чIагъян лаьа тхуна Нохчийчоьца. Цо аьтто бийр бу шина республикин экономика сихха кхиорна, – элира С.Рахмановс.
Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша иштта дийцаре дира экономикин кхерамазаллин гIуллакх а, хIокху шарахь дIабаьхьна болу Россин Федерацин Президентан харжамаш а.
Цул тIаьхьа хьешийн Соьлжа-ГIалин мэрехь цхьаьнакхетар хилира мэран заместительшца. Цара баркалла элира мэрин белхахошна шаьш дика хьошалла деш, тIеэцарна, иштта, билгалдаьккхира Соьлжа-ГIала уггаре а хазачу, исбаьхьачу гIаланех цхьаъ хилар.
Цигахь дийцира нохчийн а, Беларусийн а халкъийн вежараллех лаьцна. Цхьаьнакхетарехь Беларусин а, Россин а Союзан Парламентан Гуламан депутата Сиренко Виктора хаийтира Могилев гIалин мэр Соьлжа-ГIалица цхьаьна юкъаметтигаш лелоран хьокъехь болчу бартана куьг яздан лаам болуш хилар. Оцу барто доттагIий-гIаланаш хуьлуьйтур ю Соьлжа-ГIала а, Могилев а.
Цул тIаьхьа делегацин декъашхой хилира Нохчийн Республикин Iилманийн академехь а, Нохчийн Республикин юьртан бахаман а, промышленностан а, энергетикин а министерствошкахь а.
I.МУРТАЗОВ
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 29-гIа де, 2018 шо