Даймахкана тешаме хилла

Нохчийчохь хьовха, ерриге а Россехь а кIеззиг бисинчу нахах ву ЧIиннахахь Iаш волу Касумов Сайд-Мохьмад.

ДIадаханчу бIешеран векал волу иза дIаязвина 1933-чу шарера ву аьлла, амма цо ша дийцарехь, нохчийн халкъ махках доккхуш цуьнан 13–14 шо дара, ткъа цхьацца хиламийн духе кхиъча, Сайд-Мохьмад 1929-чу я 1930-чу шарера ву аьлла, чIагIдан таро хуьлу.

Мухха делахь а, 90 шаре кхоччуш хан ю воккхачу стеган. Оцу заманчохь гинарг-хилларг дийца воьлча хан а тоьар яцара, амма воккхачу стага шен дахарца а, вахарца а тIечIагIдинарг – Нохчийчоьнна, шен Даймахкана доза доцуш тешаме хилар ду.

Цунна дика дагадогIу Сийлахь-боккха Даймехкан тIом лаьттина шераш а, Итон-Кхаьллан кIоштара ву аьлла, мел волу жима стаг цу тIаме вахана хилар а, ткъа цIахьбисначара, шайн хуьлучух, Толаман де герга кхачо къахьегна хилар а.

Схьахетарехь, цхьа а тешо гIерташ къахьега ца деза, вайн кIенташа тIеман арахь турпаллин хьуьнарш гайтина хиларх. Цунна теш истори ю, ткъа цо тIечIагIдина: 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь, тIом болабеллачу Iуьйранна, цуьнан хьалхарчу Брест-ГIопехь, фашистийн дуьххьарлера тохар тIеэцнарш, шайн Даймохк ларбан дIахIиттина ши бIе сов нохчийн кIентий хилла хилар а, царна юккъехь Итон-Кхаьллан кIоштара 19 жима стаг хилла хилар а.

Сайд-Мохьмада дийцарехь, кхуьнан юьртахой Тимирханов Бай-Iела а, Хегиев Хьамид а, Умаев Якъуб а, верриге а 10–12 жима стаг вара тIеман дакъалацархой.

ХIетте а, шайтIанан аьллар тоьллехь а я Делан цхьа гIуда хьаьрчина хиллехь а, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь вайн халкъана луьра кхиэл кхайкхийра Сталинан хьадалчаша, и цхьана дийнахь-бусий кхочуш а йира.

Цуьнан тIаьхьалонаш луьра а, лазаме а хилла вайн халкъана, я тахана а цуьнан ачонаш дIайирзина а яц. Дера тоьар ду и денош дагадаьхкича, вайн къанойн бIаьргехь хьоду хи-м. Делахь а, зама ца лаьтта цхьана меттахь, цо шен дахаран урчакхна тIелуьсту керла мел хуьлу дика-вон.

Сайд-Мохьмада дагалоьцу, кхеран доьзалехь а, я тайпанехь а ца хилла къинхьегамна тIера воцуш а, я харцахьа дерг лелош а стаг, амма муьлххачунна а санна маршо а, нийсо а езна. И бахьана долуш бала кийча а хилла. Цунна тоьшалла ду кхеран дедас Зурабан Къосума, паччахьан заманчохь ЧIиннахан юьртда хилла волчу, революцин могIаршкахь Шерипов Асламбекаца цхьаьна дакъалаьцна хилар.

КIайн гIалагIазкхашца хиллачу тIамехь Шерипов кхелхинчул тIаьхьа цуьнан чIир эца а, цуьнан некъа тIехь дIабаха а къонахалла тоьира цунна гонаха хиллачарна. Царах цхьаъ вара Зурабан Къосум а. Къехошна деза латтий, къонахашна еза маршо-нийсой кхайкхош баьхкинчу большевикийн бакъ юьхь а, церан Iалашо а гучуелира таIзарш даран шерашкахь. Цу юккъе вахана Къосум а докъаза вайра. Цуьнан доьзалша лайра «халкъан мостагI» аьлла, харц цIе кхоллар а, цуьнан тIаьхье а.

Вайца цхьацца хьагI-гамо йолчара тайп-тайпанчу агIор дуьйцуш долу 1942-чу шарахь кху лаьмнашкахь хилла долу обаргийн тIелатарна юкъанисвелира Къосуман кIант Махьмуд (Сайд-Мохьмадан да).

Лаьмнашкара Зусахула, БугIарахула, ЧIиннаха охьабаьхкина обаргаш тIенисбелла тачанки тIехь дIадоьдучу оьрсийн стагана-зудчунна. Цаьргара тачанки-говраш схьаяьхна, стаг-зудий Орга чу кхисса бохкучу обаргашца Махьмуд хьалха а волуш тIом бина чIинхоша.

Хирг хилла даьллачул тIаьхьа, тIекхиъначу НКВД-н белхахоша хIорш тIом барна бехке бина чубохка хьовзийна. Кхара кIелхьарабаьхначара тоьшалла дарна ханна набахтех бевлира чIинхой.

Нохчийн халкъ махках доккхучу Iуьйранна Къосуман кIентан Махьмудан доьзалехь воккхахверг Сайд-Мохьмад а волуш, кхо кIант, цхьа йоI дара. Малхбале Казахстанан Усть-Каменогорскехь хилира кхеран рицкъ.

Кхиазхо Сайд-Мохьмад меттигерчу «Иртыш» гидроэлектростанце балха хIоьттира. Болх беза хиллехь а, цига дIаэцар а, и болх байтар а совгIат дара доьзална.

Дукха хан ялале маттана а шарвелира, сварщикан говзалла а Iамийра кIанта. Махках даьккхинчу бакъо йоцучу халкъах велахь а, Сайд-Мохьмад а вара Толаман де герга далош, шаьш-шайн ца кхоош, къахьоьгучеран могIарехь.

И шераш кхуьнан белхан книжки тIехь дIаяздина хиларо меттахIоттийра воккхачу стеган бакъо – 2015-чу шеран хIутосург (май) беттан 6-чу дийнахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархочунна аьлла, Россин Президента В.Путина куьг яздина Юбилейни мидал а луш, Сайд-Мохьмада тылехь къахьегарна, тIеман дакъалацархо хилар тIечIагIдира.

Казахстанера цIабирзича, кхеран декъа тIехь вехачу цхьана маIасточуьнгара шайн цIенош юха а эцна, хилларг-лелларг Делан кара а делла, юха а баха буьйлабелира КасумовгIар. Дуккха а шерашкахь юьртарчу почтин хьакаман болх бира Сайд-Мохьмада, 8 кIант а кхиийра.

1977-чу шарахь да Махьмуд а, 90-чу шарахь берийн нана а, тIеман шерашкахь воккхах волу кIант а дIаберзийра воккхачу стага. Тахана шен доьзалехь жимах волчу кIентан Салавдин а, цуьнан доьзалан а тергонехь ву иза.

Лаьмнийн шира ЧIиннаха йоькъуш доьдучу аьрхачу Органан лекхачу берда тIехь, мокхазан тIулгийн боьранехь лаьтта Сайд-Мохьмад веха цIенош.

Кху тIулгаш тIехь баьхна кхунан дай – Зурабан Къосум а, Къосуман Махьмуд а. Уьш маьрша нах а, къинхьегаман нах а хилла. Шайн дайн латта дезар коьрта хилла церан дахарехь.

Оцу ойланца ваьхна Сайд-Мохьмад а. Кху тIулгаш юккъера ваьлла атта дахар ца лехна цо, я ур-атталла тIаьхьарчу шина тIеман хенахь а Органан угIар кхечу меттигерчу тийналлех а ца хийцина. Вахар а, валар а шен Даймахкахь коьрта хета воккхачу стагана, дагца а, дахарца а цунна тешаме а хилла иза.

Лаьмнашкахь герга хетачу маьлхан зIаьнарша дешех лепадо Сайд-Мохьмадан кевнна тIетоьхна Сийлаллин у.

«Кху чохь Iаш ву Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархо Касумов Сайд-Мохьмад. Баркалла Толам баккхарна!».

Дагна хьаам хуьлу-кх, цул тIаьхьа 73 шо дIадаьллехь а бакъдерг тоьлча… .

Луур дара, 90 шаре волуш масаллин дахарца чекхваьлла ЧIиннахара Касумов Сайд-Мохьмад шен оьмарехь, АллахI Дала тахана санна, дегIана долара ца воккхуш, иэсах ца вохош вахавойла а, и везаш, лоруш, цуьнан даггара терго еш берш Дала цунна латтабойла а!

Т.САРАЛИЕВА

Суьрта тIехь: Касумов Сайд-Мохьмад

№40, шинара, хIутосург (май) беттан 29-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: