Сиржа-Эвлахь – охьатохархлатархойн турнир

ХIокху деношкахь Сиржа-Эвлахь дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула республикехь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш бара ДЮСШ, РДЮСШ, ШВСМ-ра спортсменаш.

Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира.

Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира: Солсаев Сайд-Эми (26 кг.), Кавлаев Iамир (30 кг.), Макаев Мохьмад (32 кг.), Кавлаев Илес (38 кг.), Халадов Сайхан (42 кг.), Бахарчиев Ислам (54 кг.), Яхъяев ИбрахIим (71 кг.), Мусаев Къилаб (80 кг.), Хамидов Хьамзат (92 кг.), Саламов Мохьмад (59 кг.).

Уьш оцу кхиамашка кхачийнарш бу церан тренерш: А.Абиев, Р.Авдиев, М.Таипов, А.Гусигов.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№40, шинара, хIутосург (май) беттан 29-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: