Соьлжа-ГIалахь ОГЭ а, ЕГЭ а дIаяларан къепе йовзийтина

Соьлжа-ГIалин мэрин Дешаран департаментан пресс-службин гIоьнца пачхьенан дешаран хьаьрмахь долу хьал довза таро хилира тхан.

Соьлжа-ГIалин юкъарадешаран учрежденешкахь 9 класс чекхъяьккхина, пачхьалкхан жамIан аттестаци дIаяла дезаш 4 770 дешархо ву. Царах гIалин мэрин Дешаран департаментана юкъайогIуш юкъарадешаран 4 158 учреждени ю.

Оцу учрежденешкахь пачхьалкхан жамIан аттестаци (ОГЭ) дIалур ю 3 947 дешархочо, ткъа пачхьалкхан
выпускной экзамен (ГВЭ) дIалур ю 211 дешархочо.

Экзаменаш дIаяла кечйина меттиг (ППЭ) 19 ю, могашалла ледара йолчу дешархошна экзаменаш дIаяла кечйина 11 меттиг ю.

2018-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь экзаменаш дIаяларан гIуллакхна юкъаозийна 1 155 белхахо ву. Царна юкъахь ППЭ-н (пункт принятие экзамена) экзамен тIеэцаран меттигийн 30 куьйгалхо а, 20 техникин говзанча а, 1 105 аудиторешкахь а, царал арахь а вовшахтохархо а ву.

Юккъера тестови балл, 2016-чу шарахь хиллачуьнца дуьстича, 2017-чу шарахь лаккхара яра математикехула (профилан тIегIа) физикехула, биологехула, обществознанехула, литературехула, информатикехула.

ОГЭ оьрсийн маттехула а, математикехула а дIаялар декхар дина тIедожийна ду, ткъа кхитIе йолу ши экзамен дешархочун шен лааме хьаьжжина харжа бакъо ю хIокху предметашна юккъера: литература, физика, хими, биологи, географи, истори, обществознани, информатика, кхечу къаьмнийн меттанаш (ингалсан, французийн, немцойн, испанхойн меттанаш), нохчийн мотт, нохчийн литература.

Экзаменаш (кхечу къаьмнийн меттанаш а, нохчийн моттий, литературий) йоцурш, вуьйш ерриге а оьрсийн маттахь дIалуш ю.

2018-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь Пачхьалкхан юкъара экзамен хенал хьалха дIаялар бекарг (март) беттан де 21-чу дийнера оханан (апрель) беттан 11-гIа де тIекхаччалц дIадаьхьира.

ДIадаханчу шерийн 511 выпускнико дIаелира экзаменаш. Царах 83 заьIапхо ГВЭ (пачхьалкхан выпускной экзамен) дIалуш вара.

Карарчу хенахь ЕГЭ дIаяла билгалваьлларг 1 617 дешархо ву. Царах 37 дешархо пачхьалкхан выпускной экзамен дIалуш ву.

Пачхьалкхан юкъара экзамен дIаяларан коьрта мур хIутосург (май) беттан 28-чу дийнера мангалан (июль) беттан 2-чу дийне кхаччалц бу.

ХIора экзаменна билгалдаьккхина де ду.

Информатикин а, географин а экзаменаш хIутосург беттан 28-чу дийнахь хир ю. Математикин (базови) экзамен оццу беттан 30-чу дийнахь хир ю.

Математикин (профилан) экзамен асаран (июнь) беттан 1-чу дийнахь хир ю.

Историн, химин предметашкахула экзамен оццу беттан 4-чу дийнахь дIалур ю.

Оьрсийн меттан экзамен а хир ю оццу беттан 6-чу дийнахь. Ингалсан меттан (барта) экзамен а оццу асаран (июнь) беттан 9-чуй а, 13-чуй деношкахь дIалур ю.

Обществознанин а, биологин а экзаменаш асаран (июнь) беттан 14-чу дийнахь дIалур ю.

Ингалсан а, французийн а, немцойн а меттанашкахула йолу экзаменаш а асаран ( июнь) беттан 18-чу дийнахь дIалур ю.

Цхьацца бахьанашца билгалдинчу деношкахь экзаменаш дIаялар ца нисделлачарна экзаменаш дIаялар кхечу деношкахь магийна ду. Оцу тобана юкъабогIучарна а билгалдина экзаменаш дIаяларан денош.

Физикин, литературин экзаменаш асаран (июнь) беттан 26-чу дийнахь ю. Информатикин а, ИКТ а, географин а экзаменаш оццу беттан 22-чу дийнахь дIалур ю.

Профильни а, базови а математикин экзаменаш а асаран беттан 25-чу дийнахь дIалур ю. Оьрсийн меттан а, химин а, биологин, историн а предметашкахула экзаменаш оццу беттан 26-чу дийнахь хир ю.

Историн а, физикин а, ингалсан а, французийн а, немцойн а меттанашкахула экзаменаш оццу беттан 27-чу дийнахь дIалур ю.

Обществознанин, оьрсийн литературин, ингалсан, французийн, немцойн меттанашкахула барта экзаменаш оццу беттан 29-чу дийнахь дIалур ю.

Биологин, физикин экзаменаш мангалан (июль) беттан 2-чу дийнахь дIалур ю.

З.ХИЗИРОВА

№40, шинара, хIутосург (май) беттан 29-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: