Чекхдолуш ду «Культурин шо» аьлла билгалдаьккхина долу 2014-гIа шо. Цуьнца доьзна дуккха а керланаш хилла вайн республикин культурин декъехь. Царах лара мегар ду кху деношкахь Хьалха-Мартан районан исбаьхьаллин самодеятельностан коллективийн дакъалацархой луларчу Дагестан Республикерчу Избербаш гIала концерт эцна бахар. Хьалха-Мартан районан культурин отделан хьаькама Мусаева Тоитас дийцарехь, Избербаш гIалахь дIадаьхьна цхьаьнакхетар «Театр – территория дружбы» ц1е йолчу проектехула дара. Избербашан культурин декъан белхахой доттагIаллин Iалашонца аьхка вайн республикехь хилира . Цара кхайкхина хьошалгIа бахнера мартанхой а. Вовшийн газа дукха хан яьлла доттагIий санна цхьаьнакхийтира хIорш. Нохчийчуьра делегаци тIеийцира гIалин округан куьйгалхочун заместитела Х.Халимбековс а, гIалин культурин отделан хьаькама П.Газиевас а, культурин цIийнан куьйгалхоша а, коллективо а. Избербашан культурин ц1ийнан сцени тIехь шайн говзалла гайтира Iалхан-Юьртан культурин ц1ийнан «Шовда» а, Хьалха-Мартант1ера «Мартан аз» а вокальни тобанаша а, церан куьйгалхоша Асылханов Виситас а, Термолаева Тамарас а, Янгульбаева Розас а, нохчийн къоман эшаршлакхархоша, районан исбаьхьаллин самодеятельностан дакъалацархоша Абубакарова Хьамилас а, Джамбулатов Илеса а, Абдулмежидов Дукхвахас а, иштта кхечара а. Зал юьззинчу хьовсархоша даггара тIеийцира церан эшарш. Концерт дIайирзинчул тIаьхьа Избербаш гIалин куьйгалхоша Сийлаллин грамоташ а, Хастаман кехаташ а, дагалецаман совгIаташ а делира вайн махкахошна. Лулахой-вежарий болчохь шаьш хиларан жамI деш, Хьалха-Мартан районан культурин цIийнан куьйгалхочо Батаева Ларисас билгалдаьккхира: – Ишттачу цхьаьнакхетарша чIагIйо къаьмнашна юккъера доттагIаллин уьйраш, гIо до вовшийн гIиллакхаш довза, доккха накъосталла до культурин белхахошна шайн коьрта декхар – къона тIаьхье ийманехь, къоман гIиллакх-оьздангаллин гурашкахь кхио. Ц1а дирзинчул тIаьхьа а доттагIаллин уьйраш чIагIъеш, вовшашца зIе латтош, вовшашкара хьал-де хоттуш гергарло леладо мартанхоша а, избербашхоша а.
Т.АЛИЕВА Авторан сурт
