«Къилбаседа Кавказан суьрташдахкархой»

Иштта цIе яра Нохчийн Республикин къоман музейхь Россин малхбален халкъийн пачхьалкхан искусствийн музейн Къилбаседа Кавказан филиало дIабаьхьначу суьртийн гайтаман.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Къоман музейн гинеральни директор Асталов Ваха, малхбален халкъийн пачхьалкхан искусствийн музейн Къилбаседа Кавказан филиалан директор Кушу Нафисет, Россин Федерацин искусствон хьакъволу гIуллакххо, Нохч-ГIалгIайн АССР-н а, Дагестанан а хьакъволу суртдиллархо, Нохчийн Республикин къоман суртдиллархо Асуханов Аманди, Россин суьрташдахкархойн союзан декъашхо Дадакаева Элита, искусство езарш а, студенташ а.

XX–XXI-чуй бIешераш хотталучу муьрехь Къилбаседа Кавказан Федеральни округан суьрташдахкархоша а, декоративни-прикладни искусствон говзанчаша а бина 50 болх бара гайтаме биллинарг.

– Тахана вайн массеран а аьтто хилла Кавказан ерриге а регионашкарчу хIокху заманан тоьллачу суьрташдахкархойн а, кхечу говзанчийн а тайп-тайпанчу жанрашкахь бинчу белхашка хьовса. Дуккха а гайтамашкахь искусство евзачара лаккхара мах хадийна суьрташ ду царах дукхах дерш. Царна юкъахь нохчийн къоман суьрташдахкархойн суьрташ хилар юхькIам бу нохчашна, – элира Асталов Вахас.

– Оха вовшахтуху Кавказан тоьллачу говзачийн белхаш, Россин регионашкахь сих-сиха гайтамаш дIахьо. Дуьненан искусствон цхьа дакъа ду Кавказан искусство, – элира Кушу Нафисета.

«Къилбаседа Кавказан суьрташдахкархой» гайтамехь шайн белхашца дакъалоцуш бара авторш. Дуккха а Сийлаллин цIерш а, Баркаллин кехаташ а долуш, Россехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а дика бевзаш бу авторш.

Уьш бу: Адыгейн республикера Петуваш Феликс а, Тугуз Махьмуд а, Дидичев Нурбий а, Нохчийн Республикера Асуханова Аманди, Ахмедова Хамура, Дадакаева Элита, Къилбаседа ХIирийн Республикера Келесханов Магрез, Кабулов Мурат, Дзидов Марат, Дагестанера Алиханов Хаджи-Мурад, Халилов Имали, Кхарачойн-Чергазийчуьра Аков ИсмаьIал, ГIебартойн-Балкхаройчуьра Шамеев Руслан, Кишев Мухадин, иштта Аштаркханан областера а, Ставрополан, Краснодаран крайшкара а суьрташдахкархой бара оцу гайтамехь дакъалоцуш.

Хьовсархойн таро хилира авторш бовза а, церан кхоллараллин хьокъехь хаттарш дан а.

ВЕГИЕВА МАККА

№40, шинара, хIутосург (май) беттан 29-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: