2014-чу шарахь Саратовн областан Екатериновскан кIоштарчу Сластуха юьртара юккъера школа чекхъяьккхина Чунчурова Хедис.
Дешарехь кхиамаш бохуш йолчу Хедига, лакхарчу классашкахь йолчу хенахь юьхьанцарчу классийн хьехархошна гIо деш, берашца занятеш дIайохьуьйтура. ХIора берана тIебоьду некъ карош, юкъаметтиг дика яра цуьнан. Берашна а дукхаезара иза.
Саратовн областан «Шеран тоьлла дешархойн класс» конкурсехь (5–7 классаш) дакъалецира цо. «Iаламца даггара хилар» номинацехь совгIатан меттигаш ехира. Цигахь дIахьош хиллачу тайп-тайпанчу акцешкахь а дакъалоцура цо. Масала, дитташ дуьйш, и.дI.кх.
Цул тIаьхьа цIа а еана, цхьа шо даьлча деша яхара Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан педагогикин, психологин, дефектологин институтан школал хьалхара дешар ингалсан маттаца цхьаьна Iаморан отделени.
«Школехь доьшучу хенахь сайн хиллачу хьехархошлахь дуьххьара хиллачу хьехархочо бовха дагалецамаш битина, – бохура Хедис. – Иза ю суна дагахь лаьтташ ерг. Кхузахь доьшуш йолуш суна беркат даьлла цо сайна Iамийначух. Цуьнан хьехаран методиках сайн балхахь пайдаоьцуш схьайогIуш ю со. Цундела суна атта ду хIинца. ХIокху заманахь ингалсан мотт чIогIа оьшуш бу. Деккъа цхьа школал хьалхара дешар а ца хоржуш, цундела хаьржира ас ингалсан маттаца цхьаьна йолу отделени. Таханлерчу дийнахь дешарца дергсуна ма-хетта дика дIадоьдуш ду. Школехь ас немцойн мотт Iамийнехь а, суна цо новкъарло ца йо кхузарчу дешарна. Iамо хала а ца хета».
Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан педагогикин, психологин, дефектологин институтехь йолчу Iилманан-дешаран бераш кхиоран «Эврика» туьшахь практика чекхйоккхуш ю Хеди.
Берийн бошмашкахь долчу хенахь дешарехь тIаьхьадисина хилла бераш хьалхарчу классе даха кечдо Туьшахь.
«Институтерчу студенташца цхьаьна Волгоградехь дIаяьхьначу форумехь дакъалецира ас. Iилманан куьйгалхой цхьаьна а болуш, докладаш йоьшуш, мастер-класс гайтира оха цигахь.
ХIокху шеран чиллин (февраль) баттахь Москвахь хиллачу. «Хьехамча» дуьненаюкъарчу форумехь дакъалецира. Республикерчу вузашкара а, колледжашкара а студенташ бара цигахь дакъалоцуш.
Олуш ду-кх ингалсан мотт бийцаре терра бен ца Iема. Ткъа вайна ма-хаъара и хууш берш кIеззиг бу. Школе а яхана, кхидIа а мотт бицлур боцуш, болх бан лаьара суна. Берашца бен болх хала белахь а, пайден хуьлу. Дика жамI гича самукъадолу», – элира Х.Чунчуровас.
Л.ДАУТОВА
Авторан суьрта тIехь: Чунчурова Хеди, аьтту агIорниг
№40, шинара, хIутосург (май) беттан 29-гIа де, 2018 шо