Даима лехамехь вара

Вайнехан театран искусство езачеран дог Iовжош шийла кхаъ баьржира Нохчийчохь 2013-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 11-чу дийнахь, Солцаев Мималт дIавалар хоуьйтуш. Дикка хан яра иза лазаршца волу. Театрехь болх бечуьра сецна цхьа-ши шо а дара. Къаьхьа бералла, ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь нохчаша Iаьвшинчу балех са лоцуш кхаьчна дакъа а, вовшах а ийна, режиссеран экамечу дагна ницкъ бинчух тера дара, лазаршка иза йийсаре лоьцуьйтуш. Солцаев Мималт могIарера режиссер вацара. Нохчийн къоман театран дийнна цхьа мур бара цуьнан цIарца боьзна. Иза бахьанехь Советийн Союзехь тоьллачу итт театрана юкъахь цIе йоккхуш яра вайнехан драмин театр. Солцаев Мималт профессор вара, РСФСР-н искусствон хьакъволу гIуллакххо а, Россин пачхьалкхан С.К.Станиславскийн цIарахчу совгIатан лауреат а вара. 40 шарахь нохчийн къоман культура кхиочу хьаьттахь хьанал къахьегна а вара. Вайнехан театран искусствехь сирла лар йитина цо.

Бералла

Итон-Кхаьллан кIоштарчу Эза юьртахь 1938-чу шеран хIутосург (май) беттан 20-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Солцаев Мусин кIант Мималт. Цуьнан да юьртарчу колхозан председатель вара. Мималт ворхI бутт кхачаза вара, доцу бахьана хьовзийна, НКВД-ешникаша да набахти чувуллуш. Масех шо дIаделира, буса чулилхинчу милцоша дIавигначул тIаьхьа Мусах дерг цхьанна а ца хууш. И ирча сурт гинчара дийцарехь бен Мималтана цунах хууш хIумма а дацара. Хиллачух кIант кхетта валале, шен къизаллица схьакхечира 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнан шийла Iуьйре.

Ялх шо кхачаза бер дара Мималт вайнах махках бохуш. Ненан бIаьргаш чуьра Iанаоьхучу гIайгIано кхетавора кIант шаьш хьош берг дикане дуьгу некъ цахиларх. Дерриге а халкъе ямартлонца схьакховдийна харцо иза хиларх тIаьхьо кхетар ву кIант, ненах ваьлла къаьхьа къурдаш ша дан волавелча. Ткъа цкъачунна, ненан кучан юхах хьарчаро дуьненахь болчу массо а бохамах ша кIелхьаравоккхуш хетара цунна.

Казахстане дIакхаьчча, Джамбулан областерчу жимачу Мерке кIоштахь совцийра хIорш. ТIехь да цахиларо кхечаьргахь долчул а беркъа доккхура кхаьргара хьал. Цул сов, Меркехь СолцаевгIеран доьзал дIатарбелла дукха хан ялале, лазаро лецира Мималтан нана. Герга шерша шийла къастар даго хьоьхуш санна, нанна уллера дIа ца волура Мималт.

Цамгаро дакъийначу ненан куьйгех ша тасавелча а цхьана йоккхачу нуьцкъалчу гIорторана тIетевжина хетара кIантана. Бакъду, кхо кадетташехь нана-м дIаяхара, хIара байлахь вуьтуш. Цкъа а дагара ца долу шена олура Мималта нана дIайолла дIаяьхьна де. Уггаре а къаьхьа къурд оцу дийнахь ша бина хеташ, дерриге а дахарехула чекхбаьккхира цо бераллехь ненах къастаран лазам.

Нана дIаяьлла дукха хан ялале Джамбулехь долчу берийн цIийне дIавелира дехоша Мималт а, цуьнан воккхах волу ваша Хьамид а. Цхьа беркат дара берийн цIийнах даьлларг: цигахь дика хьехархой бара, цара цIеначу даггара бераш дешарна тIеийзадора. Кхидолу бераш дешарна пебетташ, деша ца лууш, харцахьа лелаш хиллехь, Мималт а, цуьнан ваша а дика доьшуш вара. Амма царна цу берийн цIийнехь Iан ца лаьара, и шиъ даима а цIа уьдура.

Делахь а, дехоша дешча кхарах цхьа адамаш хиларе сатийсарна, дIавуьгий, юха а берийн цIийне дIалора ши ваша.

1954-чу шарахь, дагахь доцуш, кхарах схьакхийтира Мималтан да Муса. Кехат яздан бакъо йоцуш, луьра таIзар хиллера набахтехь яккха хан тухуш цунна кхайкхийнарг. Да цIаверзаро берийн цIийнера схьавала аьтто бира шина вешин. Бакъду, дас дешар дIа-м ца тасийтира цаьрга. Дешаран шераш юкъахдийларна мелла а тIаьхьабисинехь а, юккъера школа кхиамца чекхъяккхар тIедиллира дас шина кIантана. Цундела 1957-чу шарахь вайнах цIабоьрзуш, юккъера школа чекхъяьккхина дешаран лакхарчу кхерчашка дIатасабала таро йолуш бара кегийнах.

Студентийн шераш

1957-чу шеран асаран (июнь) баттахь Соьлжа-ГIала цIабирзира СолцаевгIар. Мималт Ростов гIалахь цIерпошт тIера охьавоьссина гIишлошъяран инженераш кечбечу институте шен кехаташ чудала вахара.

Архитекторш Iамо факультет яра цо говзалла караерзо дагахь шена билгалъяьккхинарг. Кхиамца зерех чекхвелира иза. Амма хьажа-хIотта Соьлжа-ГIала цIавеанчу цунна хааделира Ленинграде деша яхийта кегийрхойн тоба кхузахь вовшахтухуш хилар. А.Островскийн цIарахчу театральни институте дIахьовсош бара вайнехан кегийрхой. Цу Iалашонца дIахьош конкурс яра вайнехан къоман театрехь.

Жимачу стеган сакIамделира оцу юкъаваха. Боккхачу кхиамца кхузахь а зерех чекхвелира иза. Иштта, 1957-чу шеран гурахь Ленинграде кхечира Солцаев Мималт. ТIаьхьо вайнехан дозалла хилла дIахIуьтту болу кегийрхой бара цуьнца театран къайленаш йовза, актеран говзалла караерзо Iалашо лаьцна Ленинграде баьхкина: Давлетмирзаев IабдулмутIелип, Хакишев Руслан, Цицкиев Мохьмад, Дудаев Муса, Идаев Юсуп, йижарий ИсаевгIар, Сардалова Зулай, Паскаева Раиса, Саиева Тайбат, Минкаилова Зоя, Хаджиева Неля, иштта дуккха а кхиберш.

Ткъа цу хенахь 27 соьме кхочуш долчу стипендица хене бовлуш театран Iилманах тийсабала дезаш бара уьш. Цкъа а дагахь ца хиллачу кхиамца чекхъелира театральни институтехь дешаран хьалхара курс. Дика хьехархой бара кхеран. Россин театран исбаьхьачу дуьненахь башхачу шатайпаналлица къаьста говзанчаш бара уьш: Е.Лепковская, И.Савельев, З.Савкова, В.Петров, В.Стрежельчик.

Вайнехан студентех йоккха дегайовхо яра церан. Царах воккхавийна ца волуш Солцаев Мималт а вара. Амма даима а санна чолхечу дахаро дагахь боцу хийцамаш беара. Дешаран хьалхара курс чекхйолуш, Мималт цомгаш хилира. Генадаьлла хIума дацахь а, актеран говзалле некъ хадош яра лоьраша хIоттийна диагноз: ларингит. Юкъ-кара аз довш хилар ду цуьнан маьIна. Йишхалар а олу цунах вайнаха. Ткъа аз доцуш я йиш хаьлла актер хуьлийла дац.

Дукха хьолахь, муьлххачу актеран а коьрта герз ду аз. Бехк бац дешарна «чувоьлла» воллучу Мималтана и шийла кхаъ дагах кхетча. Делахь а, воьхна ца хьаьвзира иза. Цул сов, генна синан къайленашкахь режиссеран говзалле сатийсам кхобуш а вара кIант. Цундела, кехаташ режиссерийн факультете чу а лой, кхин цкъа а хьалхарчу курсе деша воьду жима стаг. Цхьадолчу декъана вайн къоначу махкахочун ирс хилла ала мегар ду. Цу шарахь дуьненна вевза режиссер Товстоногов Георгий Александрович вара режиссерийн курс схьаэцнарг.

Цу муьрехь Ленинградера Горький Максиман цIарах йолчу БДТ олучу театрехь коьртачу режиссеран болх беш вара Товстоногов. Студенташ Iамор а, дукха хьолахь, цигахь дIахьора цо. Репетицешкахь совцабора ша бечу балхе хьовсийта, ладогIийта. Иштта, Солцаев Мималтан аьтто хилира оьрсийн сийлахь актераш бовза. Царна юкъахь вара Сергей Юрский, Ефим Копелян, Евгений Лебедев, иштта кхиберш а. Ткъа иштта БДТ-хь болх беш хиллачу актераца Лавров Кирилца уллера доттагIалла, гергарло тасаделира Мималтан.

Дерриге а дахарехула чекхдаьккхира цара и гергарло. Товстоноговна дукхавезаш студент вара Мималт. Да-
нана доцуш кхиарна, махках даьккхина Iазап текхначу халкъаца баланаш бекъна жима стаг хиларна, дог лозура цунах оьрсийн театран говзанчин. Ша Iаш волчу хIусаме вуьгура иза, улле ийзавора. Делахь а, цкъа мацца а чекхдолу муьлхха а дешар. Иштта чекхдевлира Мималтан студентийн шераш.

1963-чу шарахь иза дешна ваьлла Соьлжа-ГIала цIавирзира…

Хьалхара гIулчаш

Театральни институтехь режиссерийн факультет чекхйоккхуш волу муьлхха студент диплом схьаэцале хьалха театрехь спектакль хIотто декхарийлахь ву.

Iамаркахойн драматургин Харольд Дугласан, Натан Смитан «Скованные цепью» драма яра Солцаев Мималта дипломни спектакль хIотто билгалъяьккхинарг. Адамийн психологин драма шех ала мегар долуш пьеса яра иза. Идаев Юсуп, Цицкиев Мохьмад вара коьртачу ролашкахь. ЗIенашца вовшахвихкина волу ши турпалхо набахтера воду.

Царах цхьаъ кIайчу аматехь ву (Идаев Юсуп), ткъа важа (Цицкиев Мохьмад) Iаьржачу аматехь ву, халкъалахь негр олучарах. Ненан шурица цIийх боьлла цабезам бу цу шинан вовшашка. Дахаран чолхечу хьелаша цхьаьнатохарал сов, зIенашца вовшахвихкина ву и шиъ. Амма цхьабосса шинне а хила тарлучу бохамо ойла карчайо турпалхойн.

Цабезам а гIелло кхерамах кIелхьаравала цхьа Iалашо йолчу шина стеган. Турпалхойн ойла цIинъялар гойтура спектакло. ДегIан чкъор тайп-тайпана делахь а, адамалла, къинхетам массаьргахь цхьабосса хила безаш хиларх а кхетавора. Баккха бехк боцуш, дикахIоттийнера режиссера «Скованные цепью» спектакль.

Лаккхара мах хадийра цуьнан театран говзанчаша. Спектакль тIеоьцуш дукха хьеший бара Москвара, Ленинградера Соьлжа-ГIала баьхкина. Цара а, кхин дIоггара гIалаташ ца лоьхуш, тIелецира спектакль, Солцаев Мималт хьуьнаре режиссер хилар билгалдоккхуш. Амма хьовсархоша тIеэцар мелла а шийла хилира. Хаддаза нохчийн къоман театран сцени тIехь комедешка марзбина вайнехан хьовсархой гена хиллера Iамаркан пачхьалкхехь болчу кегийрхойн лехамашна. Режиссера хала лайра и цакхетар.

Делахь а, кхин цкъа а шен хаарш, хьуьнар зен гIоьртира иза. Шаврин Валерийс язйина «Разбуженная совесть» пьеса яра Солцаев Мималта Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театран сцени тIехь шолгIа хIоттийнарг. Россехь чIогIа гIараяьлла пьеса, хьовсархоша дика тIеоьцуш спектакль яра иза. Цкъа мацах ларамза дина зулам бахьанехь, набахтехь хилла ву спектаклан коьрта турпалхо Сысоев Анатолий. Амма жимачохь синкхетаман аьргалла бахьанехь ша идийна гомхачу некъашна даггара дохковаьлла иза. Белхан накъосташа, сирла шовда санна, цIеначу безамо гIо до цунна нийсачу новкъа вала, хIора стагехь хила догIу эхь-бехк самадаккха.

Идаев Юсуп вара коьртачу ролехь. Шен массо роль санна къоначу актера дика ловзайора Анатолин роль. Кегийрхошна товчу агIор хIоттийна спектакль яра иза. Амма спектакль хьовсархоша тIеэцар дагахь доцчу кепара шийла хилира. Цхьана муьрехь шинна спектаклана хьовсархоша петохар муьлххачу режиссерана, дегаIийжаме чов йийр йолуш, чорда киртиг ю. Иштта восе делира и Солцаев Мималтана. Иза юха а Ленинграде дIавахара шен хьехархо волчу. Самукъадаьлла тIелецира иза Товстоноговс. Шена юххехь стажировкехь витира.

Цхьана шарахь Iийра Солцаев Ленинградехь болх беш. Цунна уллехь хиллачара дийцарехь, дикка шаръеллера нохчийн къоначу режиссеран говзалла. Кхин а цхьа бакъдерг ду цунна теш хIуьттуш.

1965-чу шарахь дехарш дой Казань гIала дIавуьгу вайн махкахо гIезалойн къоман драмин театрехь коьртачу режиссеран болх бан.

ГIезалойн мохк беркате хилира къоначу режиссерана. Цигахь серлайийла юьйлаелира цуьнан кхиамийн зIаьнарш. ГIезалойн къоман драмин театрехь цо хIиттош йолчу спектаклех кест-кеста статьяш хуьлура Москвахь зорбане дуьйлучу газеташна, журналашна тIехь. Цара массара а билгалдоккхура Россин театрийн хьаьттахь похIмечу режиссеран керла цIе гучуйолуш хилар. Хьем боцуш вайн махкахочух долу хастаме хабарш Нохчийчу схьакхечира. Цундела, дукха тамашийна ца хета, 1968-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министерствос дехарш дой хьуьнаре режиссер цIаверзор.

Хьуьнаран серло

Республикел арахьа даьккхинчу масех шарахь Солцаев Мималт хийцавеллера. ХIинца цо сихо ца йира кхечу къаьмнийн драматурги вайнехан театрехь хIотто. Нохчийн къоман драматургехь ша реза волу пьеса ца карийча режиссер классике кхевдира. Юха йийшира Бадуев СаьIидан ерриге а говзарш.

Царна юкъара хаьржира «Бешто» повесть. Сцена а, цуьнан бакъенаш а евзачу Мималта ша инсценировка йира повестана. Коьрта роль Омаев Дагунах тешийра. Бусанин роль Багалова Зулайга кховдийра.

ЦIеначу безаман гимн хилла дIахIоьттира «Бешто» спектакль. Цул сов, вайнехан къоман театран искусствон боккха кхиам а бара иза. Нохчийн литературин бухбиллархо волчу Бадуев СаьIидан башха мотт, дуьненна вевзачу режиссерана уллехь Iемина, говзалла шарйина цIавирзинчу режиссеран похIма, хьуьнаречу актерийн шовкъе ловзар – и дерриге а вовшахъийна нуьцкъала исбаьхьаллин тIеIаткъам болчу спектакло йийсаре лецира хьовсархой.

Иза шуьйра йийцаре ян яьккхира къоман интеллигенцин векалша. Театран критикаша лаккхара мах хадабора керлачу спектаклан. Гуш дара, ханна воккха вацахь а (цу хенахь Мималтан 30 шо дара), режиссер говзаллехь кхиъна хилар. Цуьнан дешаран а, кхоллараллин лехамийн а шераш эрна дахана цахилар дара иштта гуш. Цул сов, махках ваьлла масех шо даккхарх, нохчаллех цхьа цинц а дIабаьлла ца хиллера цунах. Цунна тоьшалла дара режиссера карлаяьккхина «Бож-Iела» спектакль.

Вайна хууш ма-хиллара, Хамидов Iабдуллин цкъа а лийр йоцу и комеди вайн къоман театрехь дуьххьара хIоттийнарг режиссер Харлип Павел вара. Вайн оьздачу гIиллакхашца догIуш доцу цхьацца дастаме суьрташ дара дуьххьара хIоттийначу спектаклехь.

Масала, фермехь кегийрхой вовшахкхеттачохь Надий, Рамзанний вальс хелхадалар. И кийсак Мималта юкъара дIаяьккхира ша спектакль карлайоккхуш.

Юьхьанца спектаклан цIе «Бож-Iелин эшар» яра. Къоман гIиллакхашна тIе гIерташ волу турпалхо цкъа а толаме кхочур вац бохург дара цу цIарна бухе диллина. «Эшар» боху дош дIадаьккхина, хIетахь дуьйна «Бож-Iела» ю спектаклан цIе. И хийцарх галдаьлла хIума дац. Ша нохчи хиларе терра Солцаев Мималта хьакъ йоллучу кепара дIанисйира спектаклан цIе, цу юккъера цхьадолу суьрташ. Къаьстина ала догIу режиссера вайнехан театрехь карлаяьккхинчу «ПетIамат» спектаклах лаьцна. Иза цкъа мацах Батукаев ХIарона хIоттийна яра.

Делахь а, Солцаевс Бадуев СаьIидан поэтика мелла а шуьйра гойтуш яра спектаклехь, нохчийн литературин бухбиллархочун меттан хазалла яра хIора актеран исбаьхьачу ловзарехь серлаюьйлуш. И данне дац похIме режиссер советийн драматургех цу муьрехь къехкаш вара бохург.

Цо хIиттира Б.Горбатовн «Юность отцов», Л.Зоринан «Варшавская мелодия», иштта кхийолу спектаклаш. Делахь а, коьртаниг къоман драматургина тIе цуьнан кхоллараллин ойла ерзар дара, хила догIучу тIегIанехь цо уьш хIиттор а дара. Цунна тоьшалла ду Солцаев Мималта ша язйинчу «Асланбек Шерипов» пьеси тIехь изза цIе йолуш хIоттийна спектакль. Боккхачу безамца дезаш тIеийцира халкъо Омаев Дагуна цу спектаклехь гайтина коьртачу турпалхочун васт. Цуьнан хьуьнаран серлоно зIаьнарш къаго мур бара иза.

Малхбузерчу Европера драматурги

Шеко яц дуьненна евзаш йолу малхбузерчу Европин нуьцкъала драматурги Солцаев Мималтана дукхаезаш хилла хиларан. Цуьнан кIорггера хаарш дара цу декъехь. Французхойн классицизман жовхIар ларалуш йолу Корнел Пьеран «Сид» трагедига кхевдира иза 1972-чу шарахь.

Массо а цецвелира Россехь наггахь бен хIоттош йоцу «Сид» хIоттош Солцаев Мималт ву аьлла хезча. Цецвалар кхин а совделира коьрта роль ловзо дезаш хилла Омаев Дагун, цхьана фильмехь дакъалаца кхайкхина, и роль Гайтукаев Ахьяде кховдийча. ХIинццалц иштта йоккха роль ловзийна вацара актер. ТIаккха цуьнга иштта чолхе болх кховдор массарна тамашийна хийтира. Шеконаш яра садууш, хьуьнар кхочур дуй-те иштта роль ловзо бохуш.

Дукха болх бан дийзира режиссеран актераца, амма мел хала хиллехь а, юьхьарлаьцначу Iалашоне кхечира иза. Москвара, Лениградера леррина цу спектакле хьажа дукха хьеший баьхкира Соьлжа-ГIала, цара лаккхара мах хадийра вайн махкахочо хIоттийначу спектаклан.

«Сид» спектакль хIоттаяле масех шо хьалха, XVI-чу бIешарахь ваьхначу испанхойн драматурган Лопе де Веган «Собака на сене» пьеса хIоттийнера режиссера, нохчийн хьовсархоша драма, кхечу къаьмнийн драматурги тIе муха оьцу хаа лууш. Дика хIоттийна спектакль, муьлххачу къоман драматурги тIехь иза елахь а, тIеоьцийла хиира цунна, спектаклан кхиамо гайтира и бакъдерг. Иштта, боккхачу кхиамца «Сид» спектакль чекхъяьлча, Солцаев Мималт Шекспире кхевдира.

Дуьненна вевзачу ингалсхойн драматурган «Ричард-3» яра дукха хенахь дуьйна режиссеран садууш. Россин тоьллачу театрашкахь кест-кеста хIоттош ю и спектакль, амма вайнехан театрехь хIинццалц режиссерех цхьа а кхевдина вацара оцу трагедига. Дукхах болчу режиссераша хьовсархойн тидам коьртачу декъана Ричард заьIап хиларна дуьнен чу волуш дуьйна заьIап хиларо, кхечарна уллехь куьцана-кепана ша эшна хетаро къизалла, сутаралла, дарж дезар цуьнгахь кхиийна бохучу ойланна тIеийзабо хьовсархой.

Шекспиран а иштта хилла хила там бу коьрта турпалхо. Солцаевс мелла а кхечу агIор гойту Ричард. КIорггера хьекъал долуш стаг вара вайнехан театро гайтина Ричард, амма и хьекъал беркатечу хорша дерзийна дацара цуьнан. Адамашкахь ша латточу кхерамах а, таIзарх а цуьнан самукъадолуш санна хетара хьовсархошна.

Давлетмирзаев IабдулмутIелип вара коьрта роль ловзош. Режиссер а, цунна тIаьххье Ричардан роль ловзош волу актер а, трагедин авторо тоьхначу дозанна мелла а юьстахлелхаш хетара. Спектаклехь Ричардан дегIан заьIапалла гена яьлла тосалуш яцара, вайнехан театран коьрта Iалашо турпалхочун синан заьIапалла гайтар яра. Цу тIехь иза дагахь ца хиллачу кхиаме кхаьчна аьлла хета.

Шекспир Вильяман «Кориолан» трагеди Солцаев Мималта 1981-чу шарахь хIоттийра. Дукхах йолу шен трагедеш санна, историн хроники тIехь язйина ю Шекспиран «Кориолан» трагеди а. Басарш ца кхоош, турпалхочун синъекхалла, цхьайолчу цуьнан амалан цIарматалла Iорайоккхуш гайтина васт ду Шекспиран коьрта турпалхо. Делахь а, вайнехан театро Кориоланах баккха бехк боцу турпалхо во.

Нуьцкъалчу амалех доьттина хеталора и васт. Кориоланан роль ловзош а Давлетмирзаев IабдулмутIелип вара.

Актера гайтарехь чIогIа хьуьнаре стаг вара ширачу Риман баьчча, халкъан дуьхьа ваха, ваца кийча волуш. Спектакль хIоттийначу режиссера билгалдаьккхина харш дара актера шен ловзарехь лардеш дерг.

Малхбузера драматурги хIотторехь воккха говзанча ларалуш вара Солцаев Мималт ерриге а Къилбаседа Кавказехь. Боккхачу кхиамца «Кориоланан» премьера чекхъяьлча, Москвара, Ленинградера баьхкинчу хьешаша билгалдаьккхира СССР-хь тоьллачу итт режиссерах цхьаъ вайн махкахо хилар. Иштта беркате хилира цунна малхбузера драма.

Кхиамийн зIаьнаршлахь

Сийлахь баьчча вара Советийн Союзехь Ленин Владимир Ильич. Иза дIаваьллачул тIаьхьа а зурманахь айъина кхайкхош бара цуьнга болу сий-ларам. Театраш жигара дакъалоцуш яра оцу хастамийн хорехь. Иштта, Ленин дуьнен чу ваьлла бIе шо кхачарна лерина дIакхайкхина яра театран фестиваль-конкурс.

1970-чу шарахь Москвахь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу оцу фестивалехь дакъалецира вайнехан къоман театро. «Лениниана» аьлла йоккха цIе тиллина Мималта ша язйира цунна лерина пьеса. Ленинан роль I.Давлетмирзаевх тешийра.

Дзержинский Феликсан роль ловзош Идаев Юсуп вара. Йоккха спектакль яра иза, дакъалоцуш дуккха а актераш болуш. Ленинан васт дуьххьара кхоьллина дара вайнехан сцени тIехь. Амма, цхьана а фестивалехь цкъа а ца хьехадо «дуьххьара», «тIаьххьара» бохуш. Цигахь гайтаезарг говзалла ю, похIма ду.

Вайн къоман театро иза дIагайтира. Дуьненан массо а маьIIера дукха театраш яра фестивалехь дакъалоцуш. Цкъа мацах Мималтан хьехархо хилла Товстоногов Георгий вара Ленинах ша кечйина спектакль йохьуш веана, коьртачу ролехь СССР-н халкъан артист Лавров Кирилл волуш. Делахь а, толам вайн театро баьккхира.

«Лениниана» спектаклехь коьрта ролаш ловзийначу актерех а, спектакль хIоттийначу режиссерах а Пачхьалкхан совгIатийн лауреаташ хилира.

Цу муьрехь дуьйна Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театр СССР-хь тоьллачу пхеа театрана юкъахь цIе йоккхуш яра.

ТIаьххьара денош

Иштта боккха кхиам беара режиссерана 2007-чу шарахь хIоттийначу «Рыцари кавказских гор» цIе йолу спектакло. Ерриге а Россин театрийн фестиваль яра оцу шарахь Новочеркасскехь хилларг. Нохчийчуьра Солцаев Мималт куьйгаллехь волу оьрсийн драмин театр дIакхачале совгIаташ дIасадекъна хиллера фестивалан дайша; тIамо Iадийначу махкара баьхкинчу кхара хIун гойтур яра бохург дагахь долуш.

Бакъду, вайн актераша спектакль гайтинчул тIаьхьа, дIаделлачуьра ворхI номинацехь совгIаташ юхадерзо дийзира фестиваль вовшахтоьхначеран нохчашна схьадала. Хьалхара меттиг Нохчийчуьра еанчу театрана схьаяла дийзира.

Иштта режиссер вара РСФСР-н искусствон хьакъволу гIуллакххо, Советийн Союзан пачхьалкхан совгIатан лауреат, профессор Солцаев Мималт. Вайн махкахь буьрса кхихкинчу тIемийн дегаIийжаме чов яра цо массарех хьулйина лелош.

Ларамза кхеттачу герзо, цхьайтта шо кхаьчна йоI юьсуш хIусамнана дIаяьхьнера воккхачу говзанчин. Амма бохамна къарвелла балхана пе ца туьйхира цо. Цкъа мацца а тIом чекхбербуйла хууш, кегийрхой эцна Москва дIавахара, цаьрга цигахь актерийн говзалла караерзаяйта.

2006-чу шарахь цигара цIавирзича оьрсийн драмин театр Соьлжа-ГIалахь меттахIотто гIерташ къахьийгира. Цуьнан боккха лаам бара Антон Павлович Чеховн дийцарш тIехь керла спектакль хIотто. Цхьацца кечамаш дIа а болийнера цо. Амма лайначу халонийн ачонаша, Iийшинчу сингаттамийн кочаро сиркхонаш дебийра.

2011-чу шарахь нохчийн къоман сценин воккха говзанча хиллачу М.Солцаев театр йита дийзира. Сийлахьчу ингалсхойн яздархочо Шоу Бернарда аьлла: «Хьо воьлуш дерриге а дуьне доьлу хьоьца, амма лазаро лаьцна меттахь висинехь, цхьаалла айхьа Iуьйшу ахь».

Бакъду, Мималтана уллехь даима цуьнан вежарий бара. Йоккха а хилла лоьран болх беш йолу цхьаъ бен йоцу йоI Карина а яра ден хаддаза Iуналла деш. Делахь а, театр йоцчохь дахар ца хетара похIмечу режиссерана. Цо чIогIа сагатдора сценина, шена дукхабезачу актерашна. Театрах хаьдда йоккху зама кхоьлина хетара цунна, дуьненан синкъерам дIабаьллера.

2013-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 11-чу дийнахь Солцаев Мималт дIавелира, шен сирлачу кхоллараллин беркат вайх хьерча а дитина.

А.ГАЗИЕВА

№40, шинара, хIутосург (май) беттан 29-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: