Бераш лардаран дуьненаюкъара де гергакхочуш, оха интервью ийцира Нохчийн Республикехь берийн бакъонаш ларъяран векалера Хирахматов Хьамзатера. Иза шун тидаме юьллу оха.

– Хьамзат, вайн республикехь маца дуьйна болх беш ю Берийн бакъонаш ларъяран векалалла? Аш бечу белхан коьрта декхар хIун ду?
– Берийн бакъонаш ларъяран институт Нохчийн Республикехь 2014-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь дуьйна болх беш ю, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Указаца кхоьллина ю иза. ХIора дийнахь вайн республикин бахархой тIеоьцу оха, царна оьшу юридически гIо до оха кхузахь. И дерриге а маьхза деш ду. Дукха хьолахь, тхан отделан белхахоша суьдашкахь девнаш къасторан гIуллакхехь дакъалоцу.
Оха вайн республикерчу ерриге а министерствошца а, ведомствошца а цхьаьна болх бо, оцу белхан зеделларг ду тхан. Цул сов, Россин кхечу субъекташкахь хIара санна йолчу институташца уьйраш латтайо.
– Шуьга аьрзнаш дечу бахархойн уггаре а дукха проблемаш муьлхарш ю? Цара уггаре а чIогIа сагатдийриг хIун ду?
– Тхоьга схьакхочучу аьрзнех а, заявленех а, дукхахдерш, да-нана дIасакъаьстича, берийн бакъонаш талхорца доьзна ду. Дех-ненах цхьамма новкъарло йо берана шена ган луъучу хенахь шиннах цхьаъ гайта.
Хууш ма-хиллара, Россин Федерацин Доьзалан кодексо цхьабосса бакъо луш ю дений, нанний шайн бер ган. Дукха хьолахь, дай хуьлу берийн а, нанойн а бакъонаш талхош. Доьзал боьхча, оцу тайпа сингаттам болуш хуьлу кхуза кхочучу заявленех дукхахдерш.
Дайша дIадоккху шайн берийн дахарера уггаре а доккха ирс – ненан марзо. ТIаккха кхуьу, тахана вайна гуш болу, дай-нанойн лаамна тIера бевлла, юкъараллина кхераме, зуламе кегийрхой. Деца дисинчу берана ненан терго, безам ца тоьа, ткъа иза оцу беран синна зене ду. Кегийрхошна юкъахь алссам цомгашниш да-нана дIасакъаьстинчу доьзалшкара хуьлу.
Нохчийн юкъараллехь къона доьзалш бохар сацорхьама а, берашна еш йолу гIело дIаяккхархьама а Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца боьхна доьзалш юха цхьаьнатохаран, доьзалшкахь барт баран а Iалашо йолуш программа ю кхочушъеш. Республикин хIора кIоштахь леррина оцу балхана вовшахтоьхна комисси а ю къеда а, администрацин а, Берийн организацийн а векалш юкъахь болуш. Оцу комиссийн гIоьнца республикехь юха цхьаьнатоьхна 1 442 доьзал. Иза кIезиг хIума дац. Да-нана цхьаьна а, бертахь а долуш, дехаш хиларал доккха хазахетар, синтем, юьхькIам бац берана.
Делахь а, берийн бакъонаш талхор, сецна дац. Масала, Шема, Иракъе тIаме дIабаханчу нехан берийн бакъонаш талхор дуьйцу ас.
Телевиденин, интернетан зIенашкахула вайна дукха гина оцу пачхьалкхашка къайлах дIадигна бераш цIадерзор. Вайн республика оцу тIехь дика ларорна, тхоьга луларчу регионийн бахархошкара а дехарш кхочу шайн бераш цIадерзорехь гIо доьхуш. Оха церан анкеташ кечйойту, уьш Россин Федерацин Президент волчохь йолчу Берийн бакъонаш ларъяран векалаллин базе дIало.
Вайн республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьуьнарца тIемаш болчу мехкашкара шайн цIа дерзийна 68 бер а, 21 зуда а. Царах 27 бер а, 10 зуда а вайн республикера ду. Иштта, кхиазхой шайн цIаберзоран гIуллакх а ду оха тидаме эцна. Оцу тIехь а беш болх бу.
ДIадаханчу 2017-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь берийн бакъонаш ларъяран векалийн Съезд хилира. Цигахь дийцаре дира Шемара, Иракъера цIадалийначу берашна а, зударшна а гIо даран гIуллакхаш.
Иштта, дIасакъаьстинчу ден-ненан бер Росси я Европе дIадуьгуш нислуш йолу халонаш а яц кIезиг.
– Хьамзат, шун отделан барт бан ницкъ ца кхочуш нисделлачу девнна хIун до аш?
– Дех-ненах цхьаъ маслаIате догIуш дацахь (бер гайта аларна дуьхьало еш делахь бохург ду иза), оха пачхьалкхан суьдан кхиэле диллийта олу шайн гIуллакх. Иштта дов къасточохь тхаьш дакъалаца кийча хилар а хоуьйту. Иза беран бакъо ларъярхьама деш ду. Берана шен нана, да ган бакъо Дала елла ю. Республикин Прокуратурица а, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министертвоца а, Россин къинхьегаман министерствон Нохчийн Республикехь йолчу медико-социальни экспертизан коьртачу бюроца а цхьаьна болх беш ю тхан отдел. Доккха накъосталла хуьлу цаьргара.
– Баркалла! Дела резахуьлда хьуна, Хьамзат!
Интервью дIаяьхьнарг – З.ХИЗИРОВА
№41, пIераска, асаран (июнь) беттан 1-ра де, 2018 шо