Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалин экстренни службаша цIерпоштнекъийн вокзалехь Iамораш дIадаьхьира.

Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин куьйгалхочун Яхъяев Русланан тIедилларца вовшахтоьхнера уьш. ЦIерпоштнекъийн вокзалехь «бохам хиллачохь» нах кIелхьарбахарехь а, цIе дIаяйъарехь а хаа дезарг карладаьккхира МЧС-н белхахоша.
ЦIерпоштан цхьана яйнах цIе яьлла сурт хIоттийра цкъа хьалха. ТIаккха, цIерпошта чуьрчу нахана кхерам хIоьттича санна кеп а хIоттийна, царна муха гIо дийр дара гайтира МЧС-н белхахоша. ЦIе яьллачохь шаьш и цIе муха дIайойъур яра а гайтира.
Цара дукха лерина йоккхура хIора а гIулч. ЦIерпошта чуьрчу пассажираш арабахарца дIаболийра цара болх. Цигахь «чевнаш хилларш» сиха гIо даран машенийн лоьрех а, Катастрофийн медицинин туьшах а тешийра.
Яйнех «яьлла цIе» дIаяйъарехь МЧС-н белхахой, тIех чIогIа йолчу йовхонах ларбалархьама, леррина духарш дуьйхина бара. Оцу духарша йовхо чекх ца йолуьйтура, иштта цIарах ларвора.
Iамораш дIахьочу хенахь, автоинспекцин белхахоша паргIат чекхйовлуьйтура цига йогIу леррина йолу машенаш, ткъа МВД-н векалша юкъараллин низам лардора.
Оцу Iаморашкахь 70 белхахочо дакъалецира. ЦIерпоштана а, цуьнан пассажирашна а кхерам я бохам тIехIоьттинчохь сиха гIо дан шаьш кийча хилар а, шайгахь хьуьнар, хаарш хилар а гайтира МЧС-н белхахоша.
З.ЛОРСАНОВА
№41, пIераска, асаран (июнь) беттан 1-ра де, 2018 шо