«Массарел а хьекъалениг» олимпиадин IX-гIа мур чекхбаьлла

Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствоца а, Нохчийн Пачхьалкхан университетаца а, Нохчийн Пачхьалкхан хьехархойн университетаца а, Нохчийн Пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпаница а цхьаьна дешархошна юкъахь 2009-чу шарахь дуьйна дIахьош ю «Массарел а хьекъалениг» гуманитарни олимпиада.

10-чу классийн дешархоша дакъалоцу олимпиадехь. Литературин а, обществознанин а, историн а предметашкахула кечамаш бо цара. Дакъалацархошна юкъахь ахфиналисташ къасторан тур дIахьо. Ткъе итт хаттарх лаьтташ йолчу тестана компьютера тIехь нийса жоьпаш дала деза, хIора хаттарна жоп лаха а, иза дIаяздан а билгалъяьккхинарг цхьацца минот ю. Цхьана школерчу шина дешархочун дакъалаца бакъо ю олимпиадехь.

Чиллин (февраль) беттан 4-чу дийнахь дIабаьхьначу IX-чу муьран къасторан турехь дакъалецира 800 гергга дешархочо, царах 54 ахфинале велира. ДIадаьхьначу 10 ахфиналан а, 4 финалан а ловзарехь билгалвелира 6 толамхо.

ХIутосург (май) беттан 19 дийнахь жюрин декъашхоша Нохчийн Пачхьалкхан хьехархойн университетан литературин а, хьехаран методикин а кафедрин доцента, фолологин Iилманийн кандидата Товсултанова Джамиляс, оццу университетан историн кафедрин лакхарчу хьехархочо Алиев Iийсас, Нохчийн Республикин хьехархойн университетан бакъонийн дисциплинин кафедрин лакхарчу хьехархочо, жюрин председатела Хабаев ИбрахIима динчу жамIашца билгалбехира толамхой: Эльсаров Адам (Зандакъ-Арара юккъера школа), Мациева Элина (Соьлжа-ГIалара №16 йолу школа), Новрузова Асет (Соьлжа-ГIалара №39 йолу школа), Мусаева Иман (Гихтара №5 йолу школа), Атакаева Зайнап (Лаха-Нойбоьрара №1 йолу школа), Ушаева Алина (Соьлжа-ГIалин №48 йолу школа).

«Массарел а хьекъалениг» олимпиадин толамхойн аьтто хир бу, кхиболу абитуриенташ санна экзаменийн зерех чекх а ца бовлуш, Нохчийн Пачхьалкхан университете а, Нохчийн Пачхьалкхан хьехархойн университете а деша баха.

ВЕГИЕВА МАККА

№41, пIераска, асаран (июнь) беттан 1-ра де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: