Нохчийчоь кийча ю дуьненан чемпионатан матчаш д1аяхьа

Дукха хан йоццуш «Наш Футбол» канала т1ехь Россехь хьалхеяккхаран  чемпионатан х1ора туран матч чекх моссазза йолу гойтуш йолчу «90 минут плюс» программехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо, Соьлжа-Г1аларчу «Терекан» сийлахь Президента Кадыров Рамзана а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а администрацин куьйгалхочо Даудов Мохьмада а, Соьлжа-Г1аларчу «Терекан» коьртачу тренера Рахимов Рашида а, командин капитана Уциев Ризвана а.

Билгалдаккха лаьа «90 минут плюс» ц1е йолу программа Россин телевиденин исторехь дуьххьара Нохчийчуьрчу «Ахмат аренехь» д1аяьхьна хилар. Кхул хьалха даима а Москва г1алахь д1аяьхьна иза.

Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира Нохчийн Республика 2018-чу шарахь Россехь хинйолчу футболах ловзаран дуьненан чемпионатан матчаш д1аяхьа кийча хилар.

«Тхуна тахана ч1ог1а лаьа 2018-чу шарахь вайн махкахь хин йолчу дуьненан чемпионатан матчаш Нохчийн Республикехь д1ахьойла. Оцу хьокъехь Россин Федерацин спортан министраца Мутко Виталийца къамел а хилла тхан. Иза реза а хилира оха арабаьккхинчу некъана. Вайна ма-хаъара, Нохчийчохь долу хьелаш кхечу регионашкахьчул г1олехь ду. Цундела со тешна ву, дуьненан чемпионатехь дакъалоцун долчу муьлххачу командин Соьлжа-Г1алахь 1ийра 1ан а, шайн цхьаьнакхетаршна кечам бан а таро хирг хиларх», – элира регионан Куьйгалхочо.

Цул т1аьхьа цо ч1аг1дира Нохчийн Республика Россин регионашна юккъехь уггаре а маьрша хилар. «Хууш ма-хиллара, Нохчийчохь хилла дуьненахь бевзаш болу футболисташ. Спортехь а, культурехь а бевзаш болу нах а бог1у кест-кеста. Цкъа а царна кхерамазалла хилийтарехь цхьа а кхачамбацарш а ца хилла        тхан. Кхуза мел веана хьаша Нохчийчохь шайна гиначунна ч1ог1а  реза хуьлура.  Тхо даима а республика машаре а, кхуьуш а хилийтарна т1ехь къахьоьгуш а, къахьоьгур долуш а ду», – элира шен къамел дерзош Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

Спортъезархошна дагадаийта лаьа 2018-чу шарахь Россехь хинйолу футболехула дуьненан чемпионат вайн махкан спортан исторехь дуьххьара хуьлуш хилар.

А.АБДУЛАЕВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: