Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь даздаран хьолехь декъалбира производственни Iаморан хьаьрман хьехархошна юкъахь дIаяьхьначу «Шеран говзанча – 2018» республикин конкурсан толамхой.
Даздаршкахь дакъалецира дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, корматаллин юккъерчу дешаран учрежденийн куьйгалхоша а, дешархоша а. Толамхой а, совгIатхой а декъалбеш, И.Байхановс лаккхара мах хадийра республикин конкурсан дакъалацархойн хьуьнарийн.
«Конкурс – иза шен балхана, хьакъволу диканиг вовза а, цунна совгIат деш хазахетар дан а некъ бу. Вайн республикехь производственни Iаморан декъехь къахьоьгуш белхан говзанчаш хилар гайтар а ду.
Вай царах дозалла а до, хIунда аьлча, царна тIехь лаьтташ ду производственни дешар. Уьш бу корматаллин юккъерчу дешаран дукъ дIахьош берш.
Хьехархошна даггара баркалла ала лаьа церан хьаналчу къинхьегамна. Иштта декъалбо ас хIокху конкурсан толамхой а, дакъалацархой а», – элира И.Байхановс.
Конкурсан жюрин жамIашца министерствон Дипломаш а, совгIаташ а делира «Шеран говзанча – 2018» республикин конкурсан производственни Iаморан говзанчашна.
Хьалхара меттиг яьккхира Соьлжа-ГIалин модин а, дизайнан а техникуман «Бедарш тегархо» говзаллехула производственни Iаморан говзанчас Чабаева Седас.
ШолгIа меттиг йийкъира «Финансийн а, бакъонан а корматаллин технологийн техникуман» «Мастер по обработке цифровой информации» говзаллехула производственни Iаморан говзанчас Даудова Хедас, «Гуманитарни-техникин техникуман», «Повар» говзаллехула производственни Iаморан говзанчас Маутиева Айзана а.
КхоалгIа меттиг йийкъира Соьлжа-ГIалин «Сервисан технологин техникуман» «Цомгашчаьрга хьожуш йолу медйиша» говзаллехула производственни Iаморан говзанчас Мусаева Мадинас а, «ГIишлошъяран-техникин техникуман» «Делопроизводство» говзаллехула производственни Iаморан говзанчас Эльдерханова Эльмирас а.
Конкурсан Iалашо яра производственни Iаморан хьаьрмерчу пхьерийн хьехархойн говзалла а, кхолларалла а лакхаяккхар.
ГIишлошъярхоша, сварщикаша, парикмахерша, махлелоран белхахоша, иштта кхечу говзаллийн пхьераша а зийра шайн хьуьнарш, хаарш. Царна шайн белхан декхарш дика девзаш а, уьш шайн белхан меттигашна хьакъ хилар а кхин цкъа а тIечIагIдира конкурсехь.
Конкурсан лехамашца нийса а догIуш, дакъалацархойн гайта дийзира шайн белхан хьуьнарш, хаарш, хьехаран методика, къинхьегаман культура йовзар, теорин хаарех балхахь кхузаманан технологешца эвсара пайдаэца хаар.
З.ЯХЪЯЕВА
Суьрта тIехь: «Шеран говзанча – 2018» конкурсан даздарш
№41, пIераска, асаран (июнь) беттан 1-ра де, 2018 шо