Исламгиреев Апти М.Лермонтовн цIарахчу театран актер ву. Театрехь цо болх бен 10 шо сов хан ю. ЦIера Шелара ву иза, ткъа Iаш-бехаш Устрада-ГIалахь бу церан доьзал. Цигарчу №4 йолчу школехь дешна цо. Школехь доьшуш волчу хенахь цо массарах къайладоккхура шена артист хила лууш хилар. Илли ала а, хелхавала а хаарал сов, сурт дуьллуш а хазахеташ вара кIант. Сурт къаьсттина хаза нислора цуьнан.

2004-чу шарахь школа чекхъяьккхира цо. ХIетахь вайн махкахь хала мур бара. Оццу шарахь деша ваха таро ца хилира кIентан.
2005-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан актерийн отделене деша вахара. Кхоллараллин новкъа вала кечам бора Аптис. Цо дуккха а книгаш йоьшура. Цунна дика хаьара, книгаш алсам ешаро дуккха а керланиг а, пайдехь дерг а Iамош хилар.
2006-чу шарахь М.Лермонтовн цIарахчу театре балха вахара Апти. Ша жима волчу хенахь дуьйна театрехь болх беш хилла вайн нохчийн актераш шена бовзарх кхаъ хиллера цунна. Цо дозалла дора цаьрца цхьана сцени тIехь болх бан шен таро хирг хиларх. Цкъа дуьххьара, кхоллараллин новкъа волуш волу муьлхха а актер санна, Апти а хуьлура «массовки» юкъахь. Цул тIаьхьа дукха хан ялале яккхийчу спектаклашкахь коьрта ролаш а тешо йолийра къоначу актерах.
Актер хилла ца Iа Апти. Шен мукъачу хенахь карикатураш йохкуш хуьлу иза. Сурт дилла говза волчу цуьнан дика а нислора уьш. Еккъа карикатура йиллина а ца Iаш, оцу суьрта бухахь забаре могIанаш яздо. Цуьнан карикатурийн масех гайтам хилла Соьлжа-ГIалахь.
Селхана А.Исламгиреев вина де дара. Цуьнца доьзна иза декъалван лаьа. Дахарехь ирс-аьтто хуьлуш, айхьа хаьржинчу кхоллараллин новкъахь кхиамаш хуьлуш, Дала могаш-маьрша кхин дуккха а шерашкахь вахавойла хьо.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: М.Лермонтовн цIарахчу театран актер, карикатурист
№41, пIераска, асаран (июнь) беттан 1-ра де, 2018 шо