ХIокху деношкахь Оренбург гIалахь дIаяьхьира дзюдохула йолу божаршна а, зударшна а юкъахь хьалхеяккхаран Европин Кубок яккхарехьа 9-гIа турнир.
Цигахь дакъалоцуш бара Австрин а, ГIажарийчоьнан а, Эрмалойчоьнан а, Беларусин а, Великобританин а, Германин а, ГIажарийчоьнан а, Казахстанан а, ГIиргIизойчоьнан а, Молдован а, Таджикистанан а, Узбекистанан а, Финляндин а, Францин а, Чехин а, Россин а командийн векалш.
Къийсадаларийн шина дийнахь татами тIехь къовсалуш вара 300 гергга спортсмен. Россин вовшахтоьхначу команди юкъахь кхузахь леташ бара Нохчийн Республикерчу Кадыров Турпал-Iелин цIарахчу «Эдельвейс» спортан клубан векалш.
Латарш кхиамца дIадахьа а, тайп-тайпанчу йозаллин категорешкахь мидалш яха а ницкъ кхечира вайн спортсменийн.
73 кийлане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь финале велира Умаров Наиб. Турниран чаккхенан жамIашца, Казахстанан векал Озаралин Нурлан шел тоьллачул тIаьхьа, сийлаллин пьедесталан шолгIачу тIегIане велира иза.
81 кийлане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь Свердловскан областера Хаспладов Фуад шел тоьлла, шолгIачу тIегIане велира кхин цхьа нохчийн латархо Тепкаев Турпал а.
Дато совгIаташ дехира Ахмаров Хьамзата (73 кийлане кхаччалц йолу йозаллин категорехь) а, Лорсанов Мансура (90 кийлане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь) а.
Россин дзюдон федерацин пресс-службо хаам ма-барра, турниран шолгIачу дийнахь кхин 20 совгIат (5 дашо, 5 дато, 10 йоьзан мидалш) а даьккхина, Оренбургехь дIаяьхьначу Европин Кубок яккхарехьа йолчу турниран толамхой хилира Россин вовшахтоьхначу командин спортсменаш.
I.ГАЙРБЕКОВ
№41, пIераска, асаран (июнь) беттан 1-ра де, 2018 шо