Лабазанов Чингиз – дуьненан чемпионатан дато совгIатхо

ХIокху деношкахь Москва-гIалахь дIаяьхьира спортан латарехула йолу эскаран гIуллакххойн 33-гIа дуьненан чемпионат. Цигахь дакъалоцуш вара 22 пачхьалкхера 380 сов спортсмен.

Турниран жамIашца, Россера латархой командашна юкъахь толамхой хилира – 14 дашо а, 3 дато а, 5 йоьзан а мидалш ехира цара.

77 кийлане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь леташ вара вайн махкахо Лабазанов Чингиз. Дато совгIатхо хилира иза.

Финале кхачале нохчийн латархочо хенал хьалха толам баьккхира алжирхочуьнца хиллачу шен хьалхарчу тасадаларехь.

Финалан ¼ декъехь, жамI 6:4 долуш, цо толам баьккхира Беларусин векална тIехь.

Ахфиналехь жамI 6:2 долуш, Лабазановс эшийра Казахстанан векал. Ткъа финалехь, ГIажарийчоьнан векалца Алиев Гасанца леташ, жамI 2:5 долуш, ийшира Лабазанов.

27 шо долу Лабазанов Чингиз Россин чемпион а, 2015-чу шарахь дIадаьхьначу Европин чемпионатан совгIатхо а, 2014-чу шарахь дIаяьхьначу дуьненан чемпионатан чемпион а, Россин хьакъволу спортан мастер а ву.

Х.АЛИЕВА

№41, пIераска, асаран (июнь) беттан 1-ра де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: