Аьхкенан муьрехь къаьсттина терго оьшу берашна

Аьхкенан каникулаш – бераша дукха сатуьйсу, амма уьш дукха лазош мур бу. Жимачохь меже кагъяр, хирургин стоьла тIе кхачар хуьлу, аьхка ларлуш ца хилча. Къаьсттина новкъа ду бераллехь лазорах бер гуттаренна а заьIап диса тарлуш хилар.

Бер аьхка лазоран дуккха а бахьанаш ду. Уьш лазор масех кепара хуьлу: 1) чохь; 2) урам-новкъахь; 3) школехь; 4) спортехь; 5) машенан новкъахь.

Берех 80 процент дерш чохь а, урамновкъахь а лазийна хуьлу. Тоькан серех, ирачу, йовхачу хIуманех, охьакхетарх, лакхара чудожарх нисло бераш лазор.

Халахеташ делахь а, бераш лазор царна уллехь баккхийнаш а, да-нана а доллушехь хуьлу. Баккхийчара Iуналла цадар ду коьрта бахьана.

Бер – бер ма ду. Иза сиха даима а хир ду. Беран ловзарша юьхьIаьржо йо. Цундела уггаре а дика хир ду хьаьдда-дедда лела бер шена гуччохь сацор, иза тидамехь латтор.

Спортан къийсадаларшкахь, ловзаршкахь бераш лазор, дерригенах а схьаэцча 7–10 процент бен дац. Тренировкашкахь кхачам боллуш низам цалардар, къоначу спортсменийн физически а, технически а кечамаш кхачаме цахилар ду цуьнан бахьана. Кхерамазаллин бакъенаш ларъеш хила беза тренерш а, къона спортсменаш а.

Машенийн некъашца бераш лазор 1,5 процент ду, амма хIора лазоран тIаьхье чолхе хуьлу. Лазийнарг еххачу ханна больнице охьавилла везаш а, лазорах заьIап вуьсуш а меттигаш дукха хуьлу.

Иза иштта нисло я водительша а, я гIашлоша а некъан боламан бакъенаш ларъеш цахиларна. Кхиазхо а хала хуьлу сецо. Цунна, хахка ца мегачохь, вилиспет а, мопед а хахка дагадогIу. Некъан бохам муьлххачу минотехь хила тарло, иза вайна хууш а, гуш а ду.

Даима а уллехь лор я больница ца хуьлу. Цундела уггаре коьртаниг – лазийна- чунна мелла а сиха а, нийса а гIо дар ду. Бер чIогIа лазийна делахь, «Сихачу гIоьнан» лоьраш кхайкха беза. Лоьраш тIекхачарна сихо хилийтархьама лазийначуьнгара хьал кхетош дIаала а деза, и волу меттиг, адрес (цIа, подъезд, хIусам) номер нийса йийца а еза.

Меже кагъелча, чуьраяьккхича, уггаре а хьалха дан дезарг: 1) лазийна меттиг меттах ца йоллучу агIор дIаехкар; 2) лазийна меттиг шелъяр (ша я шийла хи, я ша бина кхийолу хIума тIейиллар); 3) бер тедар, кхераделлачуьра меттадалор; 4) бер лоьрана тIекхачор.

Меже хадийна, лазийна меттиг хилча дан дезарг хIара ду: 1) цIий сацор (киса я кIадин аса хьарчош дIаехкар); 2) лазийна меттиг шелъяр; 3) лоьраш кхайкхар.

Бер дагийна меттиг хилча дан дезарг иштта ду: 1) ягийна меже шелъяр; 2) чевна тIе цIена салфетка я цIеначу кIадех аса йиллар; 3) лор кхайкхар.

Сагалматаша къовзийча я дийнаташа ка тоьхча дан дезарг кху тайпана ду: 1) чов цIеначу хица, сабанца йилар; 2) чевна тIе «зеленка» хьакхар; 3) лор кхайкхар.

Шуна ма-гарра оцу хIора а бохамехь оьшуш дерг меже меттахцаяккхар, шелъяр, лазар дIадаккхар, лор кхайкхар ду.

Бер лазор боккха сингаттам бу доьзална а, гергарчу нахана а, цунна шена муххале а. Цундела дай-наношка доьху оха аьхкенан муьрехь берашна тIехь сема терго латтор.

ИРБАИЕВА Таиса, Нохчийн Республикин коьрта педиатр

№41, пIераска, асаран (июнь) беттан 1-ра де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: