Терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал – къийсам

ХIокху деношкахь Эна-Хишка (Серноводск) юьртарчу Соьлжан кIоштан коьртачу библиотекехь Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос кIоштан администрацица а, «Ахмат» кегийрхойн юкъараллин-патриотийн боламан Соьлжан кIоштахь йолчу филиалан Советаца а цхьаьна «Терроризм а, экстремизм а вайн заманахь» темина лерина «горга стол» дIаяьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара Соьлжан кIоштан администрацин куьйгалхо Ханариков Мохьмад а, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон говзанча, «Ахмат» кегийрхойн юкъараллин-патриотийн боламан меттигерчу филиалан куьйгалхо, Соьлжан кIоштан Кегийрхойн советан председатель Ибрагимова Малика а, кIоштан къеда Бахаев Iумар а, Эха-Борзе (Ассиновская) юьртан администрацин куьйгалхо Терхоев Назарбек а, кIоштан Культурин цIийнан директор Джанаралиева Луиза а, кIоштан администрацин а, коьртачу библиотекин а белхахой а.

«Горгачу стоьлехь» гулбеллачара дийцира тахана терроризм а, цуьнан тIаьхьенаш а уггаре яккхийчех а, коьртачех а цхьа проблема хилар. Цара дийцарехь, массо а пачхьалкхех, дукхачу я кIеззигчу барамехь, хьакхалуш ду терроризмах долуш долу зулам.

– Вайна массарна а хууш ду терроризмах а, экстремизмах а мел зулам а, бохам а болу адамашна а, пачхьалкхана а. Царна дуьхьал къийсам дIабахьарехь вешан ницкъ кхочург дерриге а дан деза вай массара а, – билгалдаьккхира Ханариков Мохьмада.

Карарчу хенахь вайна гуш ду дукхах йолчу пачхьалкхашна терроризмера а, экстремизмера а кхерам хилар. Цунах бохам бала тарло муьлххачу а пачхьалкхана а, адамана а.

«Горга стол» чекхйолуш гулбеллачаьрга кхайкхам бира, векал а бира шаьш дол-долчохь терроризмах а, экстремизмах а долуш долу зулам довзуьйтуш кегийрхошна юкъахь болх дIабахьар доьхуш.

I.МУРТАЗОВ

№41, пIераска, асаран (июнь) беттан 1-ра де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: