ХIокху деношкахь Шайх Зайедан цIарахчу фондан Соьлжа-ГIаларчу офисехь йийцаре йира республикерчу жимачу а, юккъерчу а бизнесан проблемаш а, кхиоран агIонаш а.

Цигахь дакъалецира юкъараллин боламийн векалша а, совдегарша а, хIинц-хIинца шайн гIуллакх дIадоло кечамаш беш болчу кегийрхоша а, иштта, тIаьхьарчу хенахь, шаьш доцуш цхьа а гулам я цхьаьнакхетар дIа ца дохуьйтуш болчу блогерша а.
Блогерш цигахь ца хуьлийла дацара, хIунда аьлча, республикехь вевзина ца Iаш, Россехь а гIараваьлла блогер а, бизнес-тренер а Заурбеков ИбрахIим вара гулбеллачарна лерина тренинг, цуьнан гурашкахь мастер-классаш а дIахьош.
Тренинг мастер-классашка екъна ца Iаш, мастер-классаш а бизнес-ловзаршка екънера бизнес-тренера.
Ловзаршкахь дакъалацаран Iалашонца тобанашка бекъабеллачу дакъалацархоша совдегараллин исторех а, баххех а лаьцна долу шайн хаарш а довзийтира, цул сов, таханлерчу лехамашца догIуш долу совдегарийн «гIуллакхийн» хьокъехь къийсамаш а дIабаьхьира.
Бизнес-ловзарш чекхдевллачул тIаьхьа, Шайх Зайедан цIарахчу фондан векалша дийцира шаьш дуьненахь а, Iаьрбийн мехкашкахь а, Нохчийчохь а дечу а, дан леринчу а гIуллакхех лаьцна.
Цигахь дакъалоцуш хиллачу Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатела Денильханов ИсмаьIала билгалдаьккхира оцу тайпана цхьаьнакхетарш кест-кеста дIадахьар ламасте дерзор мехала хилар.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачарна йовзийтира таханлерчу совдегаран болх кхин а эвсарабаккхарехь пайдехь хила тарлуш йолу кхузаманахьлера технологеш. Суна хетарехь, церан гIоьнца болх эвсарабаьккхина ца Iаш, совдегарна шен гIуллакхна еш йолу харж а, хан а кхоорехь а гIо-накъосталла хир ду.
Иштта, республикехь таханлерчу дийнахь совдегараллин кхуьуш долчу дакъойх лаьцна а, жимачу а, юккъерчу а бизнесан проблемех а, уьш кхиоран агIонех лаьцна а хилира къамел.
И.ИСЛАМОВ
№41, пIераска, асаран (июнь) беттан 1-ра де, 2018 шо