Царна вайгара къинхетам оьшу

Соьлжа-ГIалара юьрта дIайоьду «Газель» микроавтобус ерриге а йотталц лаьтташ яра «Минутка» автостанцехь. Де чаккхене лестича, цIа даха сихделла, каде дIасалелачу адамашна юкъахь цхьацца ког боккхуш йогIу йоI-наний гучуелира.

Ненах доьзна дацара церан паргIат болар. ДЦП олу цамгар йолуш, заьIап яра йоI. ЦIена зудабер дара иза. Даггара бала кхаьчна бер бен ца хуьлу иштта Iалашдина гуш. Буйна лаьцначу «шарик» олучу тайнигах йоккхаеш, цунна барташ дохуш, «Газела» чу елира йоI.

ТIехьаьжна 11–12 шо хир дара йоьIан, цуьнан куьг лаьцна йогIу нана оьздачу куьцехь яра. БIаьргех доьхкинчу куьзганашна чекх схьагучу шина бIаьрго, цхьаъа шеко йоцуш, дуьйцура нанас даг чохь мел хуьйдинарг… Хьалхарчу могIарехь долчу гIанташна тIе охьахиира и шиъ.

Машен дIайолаелча, халла цхьаъ дийца гIерташ, дешнийн дакъош бен ца алалора йоIе. Водитела радио латийча, хаза мукъам болабелча, хелхаран кеп хIоттийра йоIа‚ амма куьйгаш аьлларг деш дацара…

Къинхетамца, безамца хьоьжура нана шен йоIе. И хьоме хьажар лацаделла йоI хьеста юьйлира шен нана, юха – маракъевлина, цунна барташ даха. Гонаха Iачу нахах озаелира нана. Куьзганаш хьала а теттина, къайллах, сихха шен бIаьрхиш дIадехира цо.

«Кхин вуй хьан доьзалхо?», – хаьттира цуьнга.

«ХIаъ, вуьш баккхий бу. ХIара жиманиг ю. Ас-м ма хьеста, дIаяла олура кхуьнга. Со яр-кх, даима а хьо хьеста езарг олий».

Иштта, шаьшшинна бен ца девза ирс дара цу шиннан. Нана, Дала ийман‚ собар, хьекъал делла яра. Шена Дала делларг йоIехь а дара, амма иза декъалхилла яра ишттачу дикачу нанна уллехь.

Ирс – цунна хIораммо а шен цIе туьллу. Бераш могаш я цомгаш, цхьалха я боккхачу доьзалехь хуьлийла уьш, дукха дуй техьа вайн берашна юкъахь ирсе дерш, Дала ма-бохху нийсачу новкъахь кхиош дерш, кийра Iабош яа сискал ерш, нанойх ца хьегош зовкхо делош дерш?

Бераш лардаран дуьненаюкъара де ду асаран (июнь) беттан хьалхарниг. ХIокху дуьнен чуьра массо а маьIIерчу адамашка берийн терго яр совдаккхийтаран, берийн Iер-дахарх, могашаллах, дешарх долу законаш заманан лехамашка хьаьжжина карладахийтаран Iалашонца дIакхайкхийна ду и де, ткъа и мехала гIуллакх юкъадаьккхинарг Женевин конференци ю.

1950-чу шарахь дуьйна билгалдоккхуш ду Бераш лардаран дуьненаюкъара де. Баккхийчеран мекарчу политикиций, саьхьарлонна дуьненан рицкъанаш къуьйсуш латточу тIемашций дукха халонаш, баланаш латтабо берийн дегнашкахь.

Мел хуьлу экономикин карчам я тIом боьрзуш бац берийн къа ца хьаьрчаш. Бераш хIара дуьне гIийла даа дезаш хуьлу шайн доцчу гIалаташна, ледарлонашна.

Берийн бакъонашларъяр, дахарна оьшу хьелаш кхоллар лаккхарчу тIегIанехь ду Европехь а, Iамаркехь а. Уггаре а хала хьал ду Африкехь, Шемахь, Украинехь.

Берана пачхьалкхо луш долу беттан пособи кIезиг ду дукхахйолчу пачхьалкхашкахь. Нохчийн Республикехь оцу пособин барам 200 сом бу. Масална аьлча, Германехь берашна луш долу беттан пособи иштта ду: хьалхарчу а, шолгIачу а берана – 192 евро, кхозлагIчу берана – 198 евро, доьалгIачу берана – 223 евро…

Буоберан хьакъ мел деза дуьйцу аьлла шега хаьттича, Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла боху: «Буобер хьаьстина, иза тIелаьцна, кхаьбнарг, цуьнан хьашташ кхочушдинарг ялсаманехь суна уллехь хир ма ву, хIара ши пIелг санна».

Шелахь ваьхначу Iеламстага Басханов Сайд-Iалис (Дала декъалвойла иза) олура: «Буобер дехачу цIийнан корехь богучу чиркхо лучу серлонах а пайда ма оьцийла буоберийн къа хьарчарна кхоьручу цхьана а бусалбано!».

Вайн республикехь хьовха, Дуьненахь а евзаш ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу гIоьналлин юкъараллин региональни фонд. Цуьнан президента Кадырова Айманис а, ткъа иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а эзарнашкахь берашна а, дахаран хьелаш ледара долчу доьзалшна а гIо деш хилар денна а гуш ду.

Вайн республикехь берашна лерина реабилитацин туьшаш, садаIаран паркаш, аьхка садаIаран лагерш, берийн поликлиникаш, бошмаш, дешаран керла учрежденеш схьайилина.

ХIокху аьхка болх бан дIаюьйлалур йолуш ю дуккха а культурин, могашаллаIалашъяран, спортан объекташ. Масала, Шелан кIоштарчу Сиржа-Эвлахь, Эвтарахь схьайоьллур ю аьхка садаIаран берийн лагерш.

Нохчийн Республикин масех министерствон белхан коьрта декхарш ду берашца болх бар. Къаьсттина жоьпалле бу могашаллаIалашъяран министерствон болх. Бераш лардаран дуьненаюкъара де тIекхочуш, лакхахь хьахийначу министерствон ноналлин а, бераллин а Департаментан директора Саратова Элитас довзийтира бераш лардаран декъехь долу хьал.

Россехь болчу юкъарчу барамца дуьстича Нохчийн Республикехь бераш кхалхар мелла а алсам дара. Бераш кхалхар уггаре а дукха нисло 1 шо кхаччалц хенаш йолчу берашна юкъахь.

2017-чу шарахь дуьнен чу даьллачу хIора а 1 000 берана юкъара 9 процент сов бераш кхелхина. Цул а цхьа шо хьалха кхин а лакхара бара и гайтам. ХIинца иза 9,2 нисло цхьа 1 000 (2016-чу шарахь и гайтам – 10,2 бара).

Дуьнен чу довлу бераш кхалхар лахдалар – иза масех хьукмато бинчу белхан жамI ду. Доьзалхочух болу зударий шен хеннахь поликлиникашкахь чоьте хIиттор а, бераш даран цIенойн терго яр тодар а ду. Беран дахарна кхерам болуш меттиг нисъелча доьзалхочух йолу зуда декхарийлахь йо больницехь дарба леладайта.

Ишттачу гIуллакха тIехь доккха гIо хуьлу Нохчийн Республикехь кхочушъеш йолчу региональни «Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяр 2020-гIа шо кхаччалц кхиор» программин «Беран а, ненан а могашаллаIалашъяр» подпрограммо.

Дуьнен чу довлучу берашна лерина йолчу реанимацийн а, паталогийн отделенийн а белхан хьелаш тодина хилар, кхузаманан медицинин тоьллачу гIирсашца кхачойина хиларо а, оцу отделенешкахь къахьоьгуш болчу неонотологийн а, анестезиологийн-реаниматологийн белхан говзалла лакхаяккхаро а дикачу агIор хийцина хьал. Дуьнен чу довлучу берашна юкъахь хирургин гIо оьшучохь бераш кхалхар 2014-чу шарахь 70 процент хиллехь, 2017-чу шарахь 11 процент бен ца хилла.

2016-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь 250 меттигна лерина керла бераш даран цIа схьадиллира. Цунах республикин Перинатальни туш (зуда доьзалхочух йолу 28 кIиранера, бер дуьнен чу даьлла 7 де кхаччалц йолчу юкъанна лерина больница) ян лерина, чохь мел оьшуш долу хьелаш а, отделаш а, гIирсаш а болуш.

Нохчийн Республика дуьххьара юкъайовлучу проектийн майда хилла гIараяьлла хилар хууш ду вайна.

2011-чу шарахь дуьйна ламаст хилла дIахIоьттина Социальни-культурин фондаца цхьаьна вайн республикехь «Суна дхар лохьа» аьлла хIорашеран проект кхочушъяр. Иза Доьзалан денца доьзна юкъаяьккхина а ю, мангалан (июль) беттан 9-чу дийнера 15-чу дийне кхаччалц дIахьош а ю.

Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министерствон «Къоман Iилманан-практикин берийн могашаллин туш» пачхьалкхан Федеральни автономни учрежденин дIадолорца 2016-чу шарахь Нохчийн Республика хаьржина яра «Малхбалерчу Европехь а, Юккъерчу Азехь а школийн медицинин сеть кхиор» а, педиатрин службин белхан аудит а пилотни проекташ кхочушъян.

Оцу проектийн гурашкахь Берийн могашаллин Iилманан туьшан лоьрийн бригадо, Е.П.Глинкин цIарахчу Берийн республикин клиникин больницин говзанчашца цхьаьна Соьлжа-ГIалин 4 школерчу 11 шарера 15 шаре кхаччалц хенаш йолчу дешархойн могашаллина таллам бира. Иштта, республикин 9 больницехь медицинин службин балхана аудит а йира.

Цул сов, 2016–2017-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь Россин генетикин юкъаралло «Медико-генетикин Iилмаман туш» Пачхьалкхан федеральни бюджетни учрежденица цхьаьна пилотни проект кхочушйира цомгашчу берийн цамгар дайшкара схьайогIуш (наследственни) ю-яц талларан Iалашонца.

2016–2017-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин педиатрин службина а йира аудит.

2017-чу шеран хьаьттан (август) беттан 27-чу дийнера товбецан (сентябрь) беттан 30-гIа де тIекхаччалц диспансеризаци а, вакцинаци а йира 9 000 берана.

Лакхахь ма-аллара, берашца болх бар цхьаьна дIахьош ю дуккха а министерствош. Царах ю Нохчийн Республикин къинхьегаман, социальни кхиоран министерство а.

Республикехь долчу заьIап берийн а, дахаран хьелаш ледара долчу доьзалшкарчу берийн а хьашташ кхочушдеш боккха болх дIахьо оцу министерствос. Тайп-тайпана реабилитацин туьшаш ю оцу министерствехь.

Царах ю: «Доьзална а, берана а социальни гIо даран Грозненски туш», «Доьзална а, берана а социальни гIо даран Курчалойн-Эвлан туш», «Доьзална а, берана а социальни гIо даран Гуьмсан туш», «Доьзална а, берана а социальни гIо даран Шелковскин туш», «Доьзална а, берана а социальни гIо даран Шуьйтан туш».

Кхиазхошца болх баран туьшаш а ю вайн республикехь.

Уьш хIорш ю: «Кхиазхошна лерина Шелан социальни-реабилитацин туш», «Кхиазхошна лерина Iели-Юьртан социальни-реабилитацин туш», «Кхиазхошна лерина Шуьйтан социальни-реабилитацин туш», «Кхиазхошна лерина Шелковскин реабилитацин а, могашалла меттахIотторан а туш», «Кхиазхошна лерина Нажи-Юьртан социальни-реабилитацин туш», «Кхиазхошна лерина Шелан социальни-реабилитацин туш», «Кхиазхошна лерина Соьлжа-ГIалин реабилитацин туш», «Кхиазхошна лерина Ленински кIоштан социальни-реабилитацин туш».

Могашалла ледара йолчу берашна лерина медико-социальни реабилитацин туьшаш ю республикехь.

Царах ю: «Могашалла ледара йолчу берашна лерина Устрада-ГIалин медико-социальни реабилитацин туш», «Могашалла ледара йолчу берашна а, кхиазхошна а лерина И.Тарамовн цIарах йолу реабилитацин республикин туш», «Могашалла ледара йолчу берашна лерина Шелан медико-социальни реабилитацин туш».

Асаран беттан 1-чу дийнахь вайн республикехь (реабилитацин туьшашкахь, библиотекашкахь, паркашкахь) тайп-тайпанчу министерствошкахь билгалдоккхур ду Бераш лардаран дуьненаюкъара де.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№41, пIераска, асаран (июнь) беттан 1-ра де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: