Хьакъ боллу мах

Нохчийчохь хьовха, ерриге  Россехь а шуьйра девзаш ду регионан Iаламан таронийн а, гуонахара хьал лардаран а министран Магомадов Лоьмин гIуллакхаш. Цунна рогIера тоьшалла хилира «Баьццара бIаьсте–2014» аьлла дIаяьхьна хиллачу Ерригроссин экологин белхех (субботникехь) жигара дакъалацарна цунна дукха хан йоццуш даийтина Диплом.

Ерригроссин экологин белхи дIабахьаран  вовшахтохараллин комитетан председатела, В.И.Вернадскийн цIарахчу правительственни йоцчу экологин фондан председатела, Россин Iилманийн Академин декъашхочо-корреспондента В.А.Гарачевс буха куьг яздина долчу совгIата тIехь билгалдоккху Россин Федерацин экологин хьал тодаран мехалчу дакъойх цхьаъ хилла дIахIоьттинчу экологин гIуллакхашкахь дIадолор гайтарна а, уьш д1адахьарехь доккха гIо дарна а иза луш хиларан хьокъехь.

Оццу дийнахь министран цIарах кхечира  «Iалам лардаран союз» МОО-н Центральни кхеташонан председатела, биологин Iилманийн доктора, профессора В.М.Тарбаевас даийтина Баркаллин кехат. Цо Л.Магомадовна баркалла бохура кху шарахь «Вайн хишна а, Iаьмнашна а – ц1ена бердайистош!» аьлла йолу юкъарароссийски акци Нохчийн Республикехь вовшахтохарехь а, дIаяхьарехь а жигара дакъалацарна. «Иштта гIуллакхаш хин объекташ ларъяран,  хица тIаламе юкъаметтиг хиларан система кхиоран гIуллакхана йоккха хазна юкъайиллар лара догIу», – билгалдоккху Баркаллин кехата тIехь. Кхеташонан куьйгалхочо дIахоуьйту иштта цхьаьнагIуллакхаш даро дахаран дикалла кхиорна, юкъараллехь культура лакхаяккхарна юкъа йоккха хазна юьллург хиларх ша тешна хилар. Цо тидам тIебохуьйту гуонахара Iалам лардаран гIуллакха тIехь оцу кепара юкъаметтигаш кхиорций бен кхиаме кхачалург цахиларна.

Регионан коьртачу Iалам лардархочун жигаралла, вовшахтохаралла иштта билгалъяьккхина экологин а, дахаран кхерамазаллин а Iилманийн дуьненаюкъарчу академин   Къилбаседа Кавказан отделенин дипломаца, цуьнан болх билгалбаьккхина Нохчийн Республикин Iилманийн академис, академикан М.Д.Миллионщиковн цIарахчу Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университето, Россин Iилманийн академин Хь.И.Ибрагимовн цIарахчу комплексни Iилманан-талламан институто.

«КIайн буьйсанаш – 2014» аьлла йолчу гуонахара Iалам лардаран гIуллакхашкахула дIаяьхьначу Дуьненаюкъарчу Iилманан-практически конференцин декъашхо хилла хиларе терра сертификат а делла.

Иштта  мах хадабо Iалам лардаран ведомствон куьйгалхочо оцу гIуллакхана юкъаюьллуш йолчу хазнин. Дуьйцийла йоццуш, цунна хьакъ а болуш.

– Адамашна хьалха харжам лаьтта: я Iаламца цхьаьнагIуллакхаш дар, я цунна эшам бар, – боху Л.Магомадовс. – Дерриге дуьненахь а сана, Нохчийн Республикин бахархойн хиндерг оцу харжамах доьзна ду. Цундела тахана вай хоржу цIена экологи, делахь-хIета, адамийн могашалла. Цунна дIадала деза дерриге а хаарш, корматалла, зеделларг, хьуьнар, вайх хIораммо а шега далуш дерг. Вай иза дарца ваьшна баркалла ала меттиг буьтур бу тIекхуьчу тIаьхьенашна.

А.БАКАРОВ

(Пайдаэцна Iалам лардаран

Ведомствон пресс-службин хаамех)

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: