Бизнесан гIо лецира
Грозненски муниципальни кIоштан меттигашкахь шаьш урхалла даран органашкахь талламаш дIахьочу хенахь, республикин прокуратурина гучуделира «Жима а, юккъера а предпринимательство кхиоран хьокъехь» долчу Федеральни законан лехамаш талха а беш, оцу органашкахь хIокху шарна а, цул тIаьхьа догIучу шерашна а жима а, юккъера а бизнес кхиоран муниципальни программаш кечъяза а, тIеэцаза а хилар.
Цуьнца доьзна, регионан прокуроран заместитела Степанов Вадима, РФ-н АПК-н 198-чу статьяца нийса а догIуш, меттигерчу администрацешна муниципальни программаш кечъяр тIедожор лоьхуш, Нохчийн Республикин арбитражни суьде 25 заявлени дахьийтина.
И лехамаш кхочушбар шен тидаме эцна прокуратуро.
КхитIе а таллам бан дезар ду
КхитIе а таллам байтар лоьхуш, регионан прокуроран хьалхарчу заместитела Хабаров Николайс Россин Талламан комитетан Нохчийн Республикерчу Талламан урхалле юхадерзийна РФ-н УК-н 292-чу статьян 1-чу декъана тIедоьгIна, бехкееш йолчу У.Индирин уголовни гIуллакх.
Оцу гIуллакхан материалаша гойту гражданаш медицинин талламах чекхбевлла хиларан хьокъехь официальни документашна юкъа цо даррехь харц хаамаш юкъабахийтина хилар.
Прокуроран заместитела уголовни гIуллакх юхадерзоран бахьана дара талламан гIуллакхаш дIахьочу хенахь уголовни а, уголовно-процессуальни а законийн лехамаш талхийна хилар. Ма-дарра билгалдахаза дисинера иштта хьал кхолладаларан хьелаш а. Цул сов, иза бехкееш сацам тIеэцарехь талхораш а хилийтинера талламхочо.
«Кеп йолуш» машен хахка воьлча…
Шелан кIоштан прокуроран гIоьнчас Ахмадов Мурада гIо лецира РФ-н УК-н 264.1 статьяца билгалдина зуламаш дарна (некъан бакъенаш талхор, вахош долу малар мелла волуш, машен лелорна хьалха административни таIзар дина волу) бехкевеш волчу М.Iумаран уголовни гIуллакхан. Суьдехь билгалделира малар мелла волуш, машен лелорна, хьалха а административни жоьпе озийна хилла М.Iумар, юха а «кеп йолуш», машен лело хиъна хилла хилар.
Цо лелийна законаца догIуш доцу гIуллакхаш полицин белхахоша совцийра. Пачхьалкхан бехкевар- хочунна хетарг хьесапе а эцна, Шелан кIоштарчу № 32 йолчу суьдан участкан маслаIатан суьдахочо бехкевеш волчунна таIзар дира 220 сохьтехь болх бан иза декхарийлахь а веш.
Цу тIе, 1 шарахь 2 баттахь машена лелор а дихкина цунна.
Законаца догIуш дац талхораш дар
Талламан органашна хетарехь, могашалла Iалашъяран учрежденин билгалвалаза висинчу белхахочо, белхан хьашташца иза галморзахдолуш доллушехь, официальни документана юкъабахийтира гражданин А. диспансеризацех чекхваьлла хиларан хьокъехь болу харц хаамаш. И бахьанехь, медицинин хьашташ кхочушдина аьлла, учрежденин счета тIе даьккхира страховой организацин 959 сом ахча.
Цуьнца доьзна, РФ-н УК-н 285-чу статьян 1-чу декъаца билгалдина (даржехь хиларх харц пайдаэцар) зуламаш дина аьлла, уголовни гIуллакх долоран хьокъехь Россин Талламан Комитетан Нохчийн Республикерчу Талламан урхаллехь тIеэцна хилла сацам бохийра регионан прокуроран хьалхарчу заместитела Хабаров Николайс.
Уголовни гIуллакх долорна бухе ехкина хилла материалаш талларо гайтира законан лехамаш талхийна хилар.
Ша аьлча, гIуллакх долоран хьокъехь болу сацам тIеэцна РФ-н УК-н 14-чу статьян 2-чу декъан лехамаш хьесапе а ца оьцуш. Цуьнца нийса а догIуш, могашалла Iалашъяран учрежденехь динарг юкъараллина доккха зен деш а, кхерам кхуллуш а гIуллакх дац.
Цундела уголовни гIуллакх долоран хьокъехь болу сацам боха а беш, талламан материалаш талламан органе юхаерзийна.
ГIуллакх суьде даьлла
Бехкеваран сацам чIагI а бина, РФ-н УК-н 238-чу статьян 3-чу декъана тIедоьгIна (хьаштахойн дахарна а, могашаллина а кхерамазаллин лехамашна жоп луш доцу хьашташ) «Газпром межрегионгаз Грозный» юкъараллин Гуьмсан кIоштарчу абонентийн отделан инженерана дуьхьал долийна хилла уголовни гIуллакх суьде дахьийтина Гуьмсан кIоштан прокуратуро.
Талламхошна хетарехь, газаца кхачояран коммунальни хьашташ цо хьакъ ма-дду кхочушдина цахилар бахьанехь, Гуьмсехь 2017-чу шеран бекарг (март) беттан 19-чу дийнахь цхьана хIусамехь газ иккхира. И бахьанехь, дукха чевнаш хилла жима ши бер кхелхира.
Иштта зулам дарна итт шаре кхаччалц хан тоха бакъо ю.
Наркотикех баьлла «пайда»
Устрада-ГIалин вахархочо Чаадаев Артура бакъо йоцуш баккхийчу барамашкахь наркотикаш эцарна а, Iалашъярна а долийна хилла уголовни гIуллакх суьде даьлла (РФ-н УК-н 228-гIа статья 2-гIа дакъа).
Суьдехь билгалделира 2017-чу шеран асаран (июнь) баттахь Чаадаевс акха кхуьуш болчу кIомалан баххьаш схьа а дохуш, алссамчу барамехь наркотик («марихуана») Iалашъеш хилла хилар. Оццу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь оперативно-талламан гIуллакхаш дIахьош полицин белхахоша иза лаца а лецира, цуьнгара наркотик схьа а яьккхира.
Пачхьалкхан бехкевархочунна, Устрада-ГIалин прокуроран заместительна Пашаев Сулейманна хетарг хьесапе а оьцуш, суьдо Чаадаевна юкъарчу рожан колонехь яккха 3 шо хан туьйхира.
Кхиэл шен бакъоне йирзина.
Коррупцина – дуьхьало
Соьлжа-ГIалин вахархочунна Дарсигов Хьамзатана дуьхьал долийна хилла уголовни гIуллакх (РФ-н УК-н 291.2 статьян 1-ра дакъа – кегийчу барамашкахь кхаъ эцар) кхитIе а талла дезар ду.
Ленински кIоштан прокуроран заместитела Джамалханов Руслана иза юхадерзийна Россин Талламан Комитетан Нохчийн Республикерчу талламан урхаллин Ленински кIоштахь йолчу талламан отделе.
Иштта сацам тIеэцарна бахьана хилира уголовно-процессуальни законан лехамаш хьакъ ма-дду кхочушбина цахилар.
Ша аьлча, Дарсиговга барт хаьттина иза бехкевале хьалха. Чувоьллина а ца хилла иза. РФ-н УПК-н кхин а цхьамогIа лехамаш а талхийна талламхочо тIеэцначу сацамна тIехь.
Сацамаш бохийна
«Цхьана дийнан фирмийн» билгалонаш хаалуш долу бакъо йоцуш юридически адамаш кхолларан хьокъ- ехь болчу хаамашна тIедоьгIна уголовни гIуллакхаш доло дуьхьало еш Нохчийн Республикерчу МВД-н УЭБ- ПК-хь тIеэцна хилла сацамаш бохийна регионан прокуратурехь.
Прокуроран хьалхарчу заместитела Хабаров Николайс билгалдоккхуш ма-хиллара, материалаш талларо гайтира динчу зуламех лаьцна болу хаамаш оперативни белхахоша хьакъ ма-дду теллина цахилар. Зуламечу некъаца гулдина ахча бакъоне дерзо гIертаран бакъдерш гучудахарна тIехьажийна юридически адамийн финансийн-бахамаллин гIуллакхаш ца теллина.
Иштта, тидамза дисина налогех кIелхьарабовла а, авансийн харц отчеташца компенсаци яран кепехь хаъал дукха ахча къайладаккха а гIортар.
Регионан прокуратуро бинчу лехамца нийса а догIуш, МВД-н талламан урхаллехь и материалаш кхин цкъа а талла дезар ду. Цуьнца цхьаьна, оцу гIуллакхна бехке волу даржера 5 белхахо низаман жоьпе озийна.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№41, пIераска, асаран (июнь) беттан 1-ра де, 2018 шо