Россин а, Iаьрбийн Эмиратийн а юкъаметтигийн мехала хилам

ХIокху деношкахь Москвахь Россин Федерацин Президента Путин Владимира а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн тIаьхьалонан элас Мухьаммад Аль Нахайанана а тIеийцира шина пачхьалкхан юкъаметтигаш стратегин тIаьхьало йолчу тIегIане яхаран Iалашонан деклараци. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а.

«Россин Федерацин а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн а юкъаметтигийн исторехь мехала хилам бу иза. Ас дозалла до оцу хиламна со теш хилла ца Iаш, дакъалацархо а хилла хиларх», – яздина цо ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь.

Цо билгалдаккхарехь, и деклараци тIеэцар бахьана долуш, шина пачхьалкхан политикин декъехь йолу юкъаметтигаш чIагIъелла ца Iаш, кхуьур а ю.

«Белхан гIуллакхца хьаькамийн делегацеш вовшашка хьошалгIа эхар а алсамдер ду, иштта, визин раж а малйийр ю. Терроризмаца къийсам латторан декъехь вовшашка хаам а бийр бу, зеделларг а довзийта долор ду. Цул сов, тайп-тайпанчу эмираташна а, Россин субъекташна а юкъара зIенаш чIагIъяран хьокъехь дакъа а ду оцу деклараци тIехь билгалдаьккхина», – хаийтина республикин Куьйгалхочо.

Циггахь цо билгалдаьккхина Нохчийчоьнна а, Iаьрбийн Эмираташна а юкъахь доттагIаллин а, белхан а уьйраш тасаелла хилар.

«Нохчийчохь схьайиллина Шайх Бен Зайедан фондан филиал. Цо жимачу а, юккъерчу а бизнесан проекташна финансашца гIо-накъосталла до. Соьлжа-ГIалахь, хIинцале а, схьадиллина пхеаседанан «TheLocal Hotel» хьешацIа. Карарчу хенахь, оццу махкарчу инвестицийн чоьтах еш ю Соьлжа-ГIалин дуьненаюкъара университет. Йийцаре еш ю 1 млрд. доллар мах болу кхин а 5 проект а», – тIетоьхна Кадыров Рамзана.

«Кремлехь Путин Владимирца хилла долу цхьаьнакхетар чекх ма даьллина, сан а хилира Абу-Дабин тIаьхьалонан элица Мухьаммад Аль Нахайанаца цхьаьнакхетар. Оха дийцаре дира Нохчийчоьнна а, Эмираташна а юкъара зIенаш чIагIъяран а, дагалаьцна йолу инвестицийн проекташ кхочушъяран а гIуллакх. Ас баркалла элира везачу хьешана, цуьнан дIадолорца, Эмираташкарчу инвесторша Нохчийчоьнан экономики юкъа шайн финансаш яхкарна», – хаийтира цо.

Иштта, белхан гIуллакх чекхдаьллачул тIаьхьа, Москварчу «Внуково» аэропорте кхаччалц, беза хьеший новкъа а бехира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

И.ХАСАХАНОВ

№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: