Нохчийчохь хилира Мисарара делегаци

ХIутосург (май) беттан 30–31-чуй деношкахь Нохчийн Республикехь хилира Мисарара делегаци. Делегацин коьртехь вара оцу пачхьалкхан Россин Федерацехь юьззина бакъонаш йолу векал Наср Ихьаб.

Иштта, хьешашна юкъахь вара Мисаран Москвахь йолчу векалаллин пресс-атташе Мусса Iайман а, Мисаран векалаллин шолгIа секретарь Хьуссниен Мохьаммед РаIафат РагIаб а.

Соьлжа-ГIаларчу аэропорте хьешашна дуьхьал вахара Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместитель Хакимов Хьасан, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим.

Делегацин декъашхой хьаьвсира Соьлжа-ГIаларчу «Северный» аэропортан дуьненаюкъарчу терминале. Иштта, уьш хьаьвсира «Ахмат-Арена» спортан комплексе. Оцу спортан комплексах лаьцна хьешашна дийцира цуьнан коьртерачу директора Мацуев Мохьмада. Цул тIаьхьа делегацин декъашхой «theLocal» хьешацIийне бахара.

Суьйранна Мисаран Россин Федерацехь волу векал, марха а достуш, цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца.

ВКонтакте социалан сетерчу шен агIонехь Кадыров Рамзана хаам бина ма-хиллара, марха даста уьш кхайкхинера Нохчийн Республикин Парламентан председатела, республикин футболан «Ахмат» клубан президента Даудов Мохьмада.

«Наср Ихьаб, Мисаран футболан команда вайн республике ян езаш хиларца доьзна, Соьлжа-ГIалахь ву. Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат-Арена» стадионехь соцур ю церан вовшахтоьхна команда. Къаьсттина хазахеташ дара «Ливерпуль» командин а, Мисаран цхьаьнатоьхначу командин а ловзархо Салахь Мохьаммеда футболехула йолчу дуьненан чемпионатехь дакъалаца тарло бохург. Векала дийцарехь, догдохийла ю, «Реал» а, «Ливерпуль» а командашна юкъахь дIаяьхьначу чемпионийн лигин финалан матчехь лазорах Салахь товала кхуьург хиларе», – яздина Кадыров Рамзана ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь.

ШолгIачу дийнахь Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместителан офисехь Мисарарчу делегацин декъашхой цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Iедалан органийн векалшца.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместитель Хакимов Хьасан а, Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместитель, Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетан председатель Байтазиев Муслим а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат а, Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министр Ханариков Муса а, Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим а, Россин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министероствон меттигерчу органан куьйгалхо Мазаев Бислан а.

Цигахь дийцаре дира Мисаран футболан команда вайн махка ярна кечамбарца доьзна долу гIуллакхаш.

– ХIара сан дуьххьарлера визит ю Нохчийчу. Со чIогIа воккхаве суо Соьлжа-ГIала кхачарх. Селхана со хьаьжира тхайн футболан командо шайх пайдаоьцур болчу гIишлошка. Со реза хилира царна. Ас лаккхара мах хадабо футболисташ а, хьовсархой тIеэцарна шун республикин пачхьенерчу аэропортехь а, хьешацIийнехь а, стадионехь а бинчу кечаман. Тешна ву, тхайн футболисташна а, хьовсархошна а Соьлжа-ГIалахь бегIийла а, паргIат а хирг хиларх, – элира Мисаран Россин Федерацехь волчу векала.

Цо иштта билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца хилла цхьаьнакхетар чIогIа мехала хилла хилар.

– Вежараллин хьолехь дIадахара тхан цхьаьнакхетар а, марха дастар а, – элира цо.

Байтазиев Муслима билгалдаьккхира Мисаран вовшахтоьхна команда республике яро, кхуза, футболистел сов, алссам туристаш а балориг хилар.

– Тхайн агIор оха дерриге а дийр ду туристашна Соьлжа-ГIалахула а, республикехула а йолу маршруташ йовзийтарехь. Вайн цхьа дин хиларе терра, царна кхузахь атта хир ду аьлла хета суна, – элира М.Байтазиевс.

Хучиев Муслима дийцарехь, Мисарара команда тIеэца кхоччуш кийча ю Соьлжа-ГIала. Цигарчу журналисташна лерина республикин Зорбанан цIийнехь ханна йолу пресс-туш кхуллур ю.

Дагадоуьйту, 2018-чу шеран Дуьненан чемпионат дIахьур ю асаран (июнь) беттан 14-чу дийнера мангалан (июль) беттан 15-чу дийне кхаччалц Россин 11 гIалахь.

Мисаран команда чемпионатан хьалхарчу муьрехь Россин а, СаIудийн Аравин а, Уругвайн а командашца ловзур ю.

I.МУРТАЗОВ

№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: