Асаран баттахь 25 бер цIадерзор ду

Асаран (июнь) баттахь, Иракъан пачхьенера БагIдадера, кеманца, леррина рейс а къастийна, Россе цIадерзор ду 25 бер – Россин бахархой. Иштта хаам бина Россин Федерацин Федеральни Гуламан Федеральни Советан декъашхочо, Герггарчу Малхбален а, Къилбаседа Африкин а пачхьалкхашкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун векал волчу Сабсаби Зияда.

Оцу гIуллакхна лерина республикин Правительствехь дIаяьхьира леррина кхеташо. Цигахь 25 бер цIадерзоран гIуллакх дийцаре дина ца Iаш, Иракъерчу набахтешкахь болчу Россин бахархошна-зударшна юридически гIо даран гIуллакх а теллира.

«ХIинца вай цIадерзо леринчу 25 беран наной, яккхий хенаш а тухуш, Иракъан набахтешкахь чубоьхкина бу», – билгалдаьккхира З.Сабсабис.

Цул сов, З.Сабсабис дийцарехь, Иракъан набахтешкахь болчу Россин бахархойн-зударийн дерриге а 94 бер ду Россе цIадерзо дезаш, амма, Росси цIадерзо бакъо а луш, царах 25 берана бен кехаташ кечдойла ца хилла цкъачунна.

Карарчу хенахь Иракъан куьйгаллица беш болу болх шен Iалашоне кхачахь, оцу 94 берах 49 бер хьалхарчу рейсаца а, кхидолу бераш – шолгIачу рейсаца а цIадерзо ойла ю.

«ШолгIачу рейсаца вай цIадало леринарг 45 бер ду. Амма иза атта далур долуш хIума дац, хIунда аьлча, уьш дерриге а Россел арахьа дуьнен чу девлла ду: 38 – Иракъехь, 1 – Шемахь, 5 – Хонкарахь, 1 – Германехь. Дайн агIор цаьрца гергарло долчу Россин бахархошка ДНК-на анализаш дIаяларан хьокъехь дехарш дан дезар ду вайн. Оцу анализаша кхузахь церан гергара нах хилар къасторца бен бакъо лур яц вайна и бераш цIадерзо Росси Иракъан куьйгалло. Оцу декъехь шегара гIо-накъосталла хирг хилар хаийтина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана», – элира цо.

Оцу берашна юкъахь, проценташка даьккхича, 10 процент а дац нохчийн бераш. Дукхах долу бераш ГIезалойчуьра а, Башкортостанера а, луларчу республикашкара а ду. Иштта хаам бина сенатора.

«Иракъан суьдаша кхиэл йина а, ян лерина а Россин 49 яхархо ю цигарчу набахтешкахь: царах 21 яллалц хан яккха чуйоьллина хIинцале а, 28-нна кхиэл кеста ян езаш ю. Вай цIадерзо леринарш церан бераш ду. Амма кхузахь билгалдаккха догIу и наной нохчий, гIезалой я кхечу къаьмнех бара аьлла, цхьа а къестамаш а хир бац, Дала мукъ лахь, церан массеран а бераш Россе цIа а дерзор ду. Иштта декхар хIоттийна вайна хьалха Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана», – элира З.Сабсабис.

И.ИСЛАМОВ

№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: