Билгалдаьккхира Конституцин де

IMG_0704

Россин Федерацин Конституцин денна лерина даздарш хилира Шелковски районан Культурин цIийнехь. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Жамалдаев Шаид, министран хьалхара заместитель Абдулмуслимов Сайд-Селим, Нохчийн Республикин Парламентан депутат Нутаев Хьусайн, Шелковски муниципальни районан куьйгалхо Израилов Iабдул-КъахIир, иштта юкъараллин организацийн векалш, кхиберш.

Цхьаьнакхетар дIадолош Ш.Жамалдаевс дийцира Россин Федерацин Конституци тIеэцарх.

– Вайн республикина уггаре хала даьхкинчу шерашкахь нисделира Конституци тIеэцар, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьекъал, доьналла бахьанехь машарехьа яьккхина гIулч яра иза. Конституци тIеэцар бахьанехь Россин юьззина бакъонаш йолу гражданаш хилла вайх. ХIинца нуьцкъалчу пачхьалкхан цхьа дакъа вай а ду. Цундела къаьсттина дезачу денойх цхьаъ ду таханлерниг, – билгалдаьккхира министра.

Хьешашка маршала а хаьттина, къамел дира А-Къ.Израиловс. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира республикин а, мехкан а куьйгалхоша ма-бохху вай лелахь вайн регионан хилла ца Iаш, ерриге а пачхьалкхан а  кхане сирла хирг хилар.

– Тахана дуккха а пачхьалкхаш ю Россин экономика г1елъян а, питана даржо а бахьанаш лоьхуш. Ткъа Россехь дехачу дерриге а къаьмнийн декхар ду оцу зуламхоша яржо хьийзачу харцонна кIел ца доьлхуш, вешан регионан, мехкан куьйгалхоша, конституцис ма-бохху лелар. ТIаккха хир бу къаьмнийн цхьарбарт, ткъа цхьабарт хиларо нуьцкъала йо вайн пачхьалкх. Барт болуш, бакъонна тIехь чекхдовла вайн хьекъал, кхетам кхочур бу аьлла а хета, – бохура Шелковски районан куьйгалхочо.

Официальни дакъа дIадирзинчул тIаьхьа Жамалдаев Шаида дипломаш, Сийлаллин грамоташ яларца билгалбехира Шелковски район кхиорехь къахьегнарш.

Р. МУСИПОВ

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: