Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Мексикехь некъан-транспортан бохам хилла микроавтобус а, киралелон йоккха машен а дуьхь-дуьхьал а кхеташ. Оцу бохамехь 11 стаг кхелхина, масех стаг лазийна. Бакъонашларъяран органашна хетарехь некъан боламан бакъенаш талхийна киралелочу машенан водитела. Иштта, ГIиргIизойчохь хиллачу бохамехь кхелхина «Мисс–2018» конкурсехь толам баьккхина йолу С.Шасирова. Машен тIех чехка хаьхкина хилла цо.
***
«Иблисан пачхьалкхан» террористех йисина йолчу гIеранаша тIелатар дар бахьана долуш Иракъехь 12 стаг кхелхина, иттех стагана чевнаш хилла. Зуламхой лохуш бу бакъонашларъяран органийн белхахой а, ткъа иштта эскарера бIаьхой а. Уьш бекхам боцуш буьтург ца хилар дIахьедина мехкан Iедало.
***
Шемарчу Тель-Султан шахьарарчу маьршачу бахархошна гуманитарни «сене» елла Iедалан векалша уьш оцу гIалара арабовлийта. Шайна еллачу некъан маршонах пайда а оьцуш, хIинцале цигара араваьлла ши-кхо эзар маьрша стаг. Царна юкъахь алссам зударий а, бераш а ду. Бахархой арабевллачул тIаьхьа Iедалан эскарша дIахьур ю гIала террористех паргIатъяккхаран тIеман операци.
***
Тунисана уллехь доьхна, хи буха дахана мигранташ тIехь хилла хIордакема. Цу тIехь хиллачарах 37 мигрант кхелхина. Иштта, кхо де хьалха Хонкарна юххехь а хи буха дахана мигранташ тIехь хилла гIикх (лодка). Цу тIехь хилла 9 стаг кхелхина. Царах 6 бер ду. Некъашца цу тайппана бохамаш хуьллушехь Европе схьаоьхуш болу мигранташ лахлуш бац.
***
СаIудийн Аравин паччахьа хIокху деношкахь Катар пачхьалкхан куьйгалле иштта дIахьедар дина: «Нагахь санна Катаро Россигара «С-400» зенитни- ракетийн комплексаш эцахь, Эр-Рияд кийча ю цунна (Катарана) дуьхьал тIом боло». Бусалба пачхьалкхашна юкъахь ма товш дацар-кха вовшашна кхерамаш тийсар а, вовшашка тIом хьебар а.
***
ХIокху деношкахь Израилан Премьер-министра Б.Нетаньяхус, ГIажарийчоьнна юха а кхерам тосуш, дIахьедина: «Израило шегахь юьту Шемахь долчу ГIажарийчоьнан эскаршна тIелатар дан бакъо». Хьан елла цунна и бакъо? ХIун бакъо ю цо юьйцуш ерг? Цуьнга и хоттуш хIунда вац цхьана а пачхьалкхан а, ООН-н Кхерамазаллин Советан а куьйгалхо?
***
Иорданехь стомара йоккха митинг хилира. Амманан урамашка бевллачара дIахьедира шаьш махкахь ян лерина йолчу налогийн реформашна реза цахилар. Урамашка бевллачеран тасадалар хилла полицин белхахошца. Оцу тасадаларехь масех стаг лазийна. Иорданин паччахьна IабдуллахI ШолгIачунна хезна митинге арабевллачеран лехам. Цо правительствон декъашхошца кхеташо дIаяьхьна. Цигахь кхайкхам бина халкъан барт, цхьаалла ларъяр доьхуш.
***
Словенехь хенал хьалха дIабаьхьира керлачу парламенте харжамаш. КIирандийнахь харжамашкахь кхаж таса аравелира 1,5 миллион герга стаг. Уьш, коьртачу декъана, политикин 25 боламан а, партин а векалш бара. Жигара дIадахара кхаьжнаш тасар. Делахь а, эксперташна хетарехь, хьалхарчу турехь политикин цхьана а боламан толам баккха аьтту бер бац. Цунна шолгIа тур дIаяхьа езар ю. Билггал дерг харжамийн жамIаша гойтур ду. Ткъа уьш хIинца а даза ду.
***
Тахана Австри вахана Россин Федерацин Президент Путин Владимир. Иза Венехь волчу юкъана оцу шахьарна тIехула цхьа а кема дIасагIуриг цахилар хаийтина Австрин Iедало. Иза Россин Президентан къаьсттина лерам баран билгало ю. В.Путинан цхьамогIа цхьаьнакхетарш хир ду Iедалан куьйгалхошца.
***
Вайн махкахь уггаре а лакхара белхан алапаш оьцуш бу мехкадаьттан а, газан а дакъошкахь къахьоьгуш болу белхахой. Юккъерчу хьесапехь хIора баттахь белхахочо 127 эзар соьме кхаччалц белхан алапа оьцу. Ткъа уггаре а лахара белхан алапа долчарна юкъахь бу тIеюху бедарш тоьгучу предприятийн белхахой. Иштта хаам бина хIокху деношкахь «Росстато».

№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: