Масех де хьалха энергомашинаш яран декъехь Россехь а тоьллачу предприятех цхьаъ ларалучу «Белэнергомаш-БЗЭМ» юкъараллин векалш Нохчийчуьрчу «хьекъале» цIа а, «хьекъале» гIала а яран RIMGROUP заводан производствон нуьцкъалалла йовзаран Iалашонца цигахь, хьошалгIахь хилира.
Карарчу хенахь RIMGROUP-н цехашкахь махлелоран-самукъадаккхаран «Грозный-Молл» туьшана ечу аьчкан коьчалшка а, кхиболчу белхашка а хьаьвсира хьеший.
Цхьаьнакхетаран гурашкахь шина а предприятин векалша, мел оьшуш йолчу техникин база хиларе терра, цхьаьнагIуллакхаш даран хьокъехь барт бира.
«Белэнергомаш» предприяти энергомашинаш яран декъехь болх беш йолу 70 шо сов хан ю. Цуьнан цехашкахь йовхонан яйш а, царна оьшуш болу гIирсаш а, биргIанаш а, аьчкан коьчалш, сильфонан компенсаторш а йо.
Мехкадаьттан а, газан а компанеша («Газпром», «Транснефть», «Роснефть», «ЛУКОЙЛ») пайдаоьцу оцу предприятис арахоьцучу продукцех.
ТIаьхьарчу иттех шарахь предприятин продукцех Россехь мел йинчу а, ечу а атоман электростанцешкахь (Калининан, Нововоронежан, Ленинградан, Ростовн, Белоярскан) пайдаоьцуш бу. Цул сов, кхечу мехкашкахь ечу электростанцешна биргIанаш а йина предприятин цехашкахь: Куданкулам (Инди) – 5 эзар тонна а сов биргIа, Тяньвань (Чина) – 3,5 эзар тонна, Бушер (ГIажарийчоь) – 7,5 эзар тонна.
Нохчийчуьра «хьекъале» цIа а, «хьекъале» гIала а яран RIMGROUP заводан векалша мехала лору оцу тайпанчу предприятин векалш шайн цехашка хьовса бахкар а, цхьаьнагIуллакхаш даран хьокъехь шайца барт бар а.
И.АЛИЕВ
№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо