«Кхетаме Росси – наркотикашна дуьхьал»

Россин субъекташна юкъахь наркоманина дуьхьал къийсам дIабахьаран рейтингехь пхоьалгIачу меттехь ю Нохчийн Республика.

2018-чу шарахь «Кхетаме Росси» («Ехна йоцу Росси») федеральни проектан гурашкахь дIабаьхьначу аналитикин талламан жамIашца ю Нохчийчоь пхоьалгIачу меттехь.

«Кхетаме Росси – наркотикашна дуьхьал» аьллачу докладехь шуьйра довзийтина ду оцу рейтинган жамIаш.

Россин субъекташна юкъахь наркоманина дуьхьал къийсам латторан рейтингехь хьалхарчу меттехь ю Архангельскан область, шолгIа – Чукоткин автономин округ, кхоалгIачу меттехь ю Волгоградан область.

Оцу талламан жамIашца уггаре а ледара хьал ду Приморьен крайхь, иза рейтинган тIаьххьарчу 85-чу меттехь ю.

«Наркотикашна дуьхьал къийсам дIабахьаран рейтинг – 2018» аьллачу проектан башхалла ю тайп-тайпанчу ведомствийн статистикин хаамаш цхьанатухуш хилар.

И проект бахьана долуш, таро ю Россин ерриге а субъекташа наркоманина дуьхьал къийсам дIабахьарехь дIахьочу гIуллакхашна тIехь терго латто.

Хь.АЛИЕВА

№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: