Даьхнилелор алсамдаьлла

Республикин юьртан бахаман министерствон даьхнилелоран отделан хьаькама Базиев Хьабибула бинчу хаамашца, Нохчийчохь даьхнилелор алсам а даьлла, хIутосург (май) беттан 1-чу дийнахь хиллачу хьолаца дуьстича (2017-чу шарца дуьстича), 12,8 процентана алсамдаьлла.

«Юьртабахаман предприятешкахь долчу дохнан барам 112,8 процентана алсам а долуш, 9 эзар коьрте кхаьчна. Иштта, уьстагIий а, гезарий а лелор ду алсамдолуш: (2017-чу шарца дуьстича), 37 процентана алсамбаьлла, 20 эзарне кхочуш бу предприятешкахь лолош долчу уьстагIийн а, гезарийн а барам», – билгалдаьккхина цо.

Бахархоша а, юьртабахаман предприятеша а кхиочу дохнан барам 240 эзар корта сов бу, ткъа уьстагIийн а, гезарийн а – 246 эзар сов. Цул сов, 1 млн. 300 эзар гергга зIакардаьхни а ду юьртабахаман предприятешкахь а, бахархоша а кхиош.

«Цхьана шарахь республикин юьртабахаман предприятеша дохнан а, зIакардохнан а 93 474 центнер жижиг даьккхина, шура – 830 эзар центнер. ЦIеначу хIух долу даьхни деборан Iалашонца, арахьара чудалош ду цIеначу хIух а долу, шурин а, жижиган а даьхни», – элира Хь.Базиевс.

Нохчийчоьнан агропромышленностан комплексана юкъайогIу юьртабахаман 384 предприяти, царах йоккха а, юккъера а 162 предприяти ю, 227 предприяти юьртабахаман жимачу совдегараллин а йолуш.

А.ИБРАГИМОВ

№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: