Тешаме экономика кхуллуш…

Къилбаседа Кавказан федеральни округехь чоьхьара а, арара а туризм кхиорехула йолу стратеги шина декъе екъна.

«Федеральни а, региональни а тIегIанера «туризман» меттигаш юкъайогIу цунна», – билгалдаьккхира Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран заместитела Рухуллаева Ольгас.

– Къилбаседа Кавказан федеральни округехь 2035-чу шаре кхаччалц туризм кхиоран стратегица билгалдина коьрта ши дакъа ду: федеральни а, региональни а тIегIанера, – элира О.Рухуллаевас.

Цо дийцарехь, Къилбаседа Кавказехь туристашна юкъахь уггаре а гIараевлла лаьмнийн-когсалазийн курорташ ю: Кхарачойн-Чергазийн «Архыз», Нохчийчуьра «Ведучи», ГIебартойн-Балкхаройчуьра «Эльбрус», ткъа медицинин декъехула – Кавказан минералийн Хиш.

Культурин-историн туризм езачарна лерина ю Нохчийчуьра а, Дагестанерчу Дербентера а бIаьвнаш йолу меттигаш.

Оцу стратегина юкъайогIучу мероприятин кхайкхам «Тешаме экономика кхуллуш» ю.

Къилбаседа Кавказан федеральни округ кхиоран Правительствон комиссин тIедахкаршца кхочушъеш ю и стратеги.

Минкавказан говзанчаш хилла ца Iаш, ведомствийн юкъарчу белхан тобанна юкъабогIу федеральни ворхI министерствон векалш а, иштта «Къилбаседа Кавказан курорташ» компанин а, «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпорацин» а, Россин Федерацин Правительствехь йолчу Финансийн университетан а говзанчаш.

Санкт-Петербурган туризмехула йолчу комитето Нохчийчоьнан туризман таронаш йовзийтира Чинехь.

Санкт-Петербург а, Нохчийчоь а цхьаьна гIуллакхаш дан лерина ю туризм кхиорехь.

Нохчийн туризман индустри юкъа керла «Halal Friendly» концепци ялоран болх хIинцале а дIаболийна оцу декъехь болх бечу говзанчаша.

ХIокху деношкахь, Чинехь дIаяьхьначу туризман Дуьненаюкъарчу форумехь Нохчийн Республикерчу туризман хьал довзийтира Санкт-Петербурган туризм кхиоран комитето. Оцу декъехь Нохчийчоьнан а, Санкт-Петербурган а барт хиллера Петербурган дуьнеюкъарчу экономикин форумехь.

Нохчийчоьнан Правительствон туризмехула йолчу комитетан председатела Байтазиев Муслима билгалдаьккхира Нохчийчоьнан туризман таронаш оцу тIегIанехь арахьа дуьххьара йовзийтина хилар. И бахьана долуш, туризм кхин а лакхарчу тIегIане ерг хилар чIагIдо говзанчаша.

Санкт-Петербурго а, Нохчийчоьно а туризман юкъара маршрут «юьллур» ю кхечу мехкашкарчу бахархошна лерина.

– Нохчийчоьца туризм кхиоран декъехь цхьаьна гIуллакхаш дан дагахь ду тхо. Цу декъехь хIоттийна программа а ю. Санкт-Петербурге баьхкинчу туристийн, нохчийн махка кхача аьтто хир бу, – элира Санкт-Петербурган туризм кхиорехула йолчу комитетан векала.

Хь.БАХТАЕВА

№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: