Россин Федерацин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин меттигашкахь йолчу ерриге а клиентийн службашкахь аьтто бу пачхьалкхо хьашташ кхочушдаран www.gosuslugi.ru порталехь регистраци ян, идентификацин, аутентификацин Цхьааллин системехь пайдаэцархочун хьесапе эцаран йоза дан, иза тIечIагIдан я меттахIотто (нагахь дайнехь). Иза оьшу пачхьалкхо хьашташ кхочушдаран порталан электронни ерриге а сервисашна тIекхача аьтто хилийтарна.
Дагадоуьйту пачхьалкхо хьашташ кхочушдаран порталехь регистраци еш билгалъяьккхинчу логинах а, паролах а Россин Пенсионни фондан официальни сайтехь www.pfrf.ru долчу «Электронни хьашташ кхочушдар» декъехь а, гражданинан Шен кабинетехь а электронни хьашташ кхочушдарехь а пайдаоьцуш хилар.
Кхуззахь электронни дехар (заявлени) чудала мегар ду пенси хIотторна я хIора баттахь луш долчу ахчанна. Кхуззахь харжа йиш хир ю пенси шена дIакхачон долу кеп.
Кхуззахь схьаэца я хаа аьтто бу еш йолчу ерриге а выплатех болу хаам, ткъа иштта хьайна оьшуш йоллу справкаш ялар деха (заказать) аьтто а бу.
Берашца болчу нанойн, шайн цIа чуьра ара а ца бовлуш, ноналлин (доьзалан) капиталана сертификат далар доьхуш дехар яздан а, оцу сертификатан ахчанах харжаш ян а, ткъа иштта цунах мел ахча буха дисина хаа а таро ю.
Гражданинан Шен кабинетан мехала агIо ю болх луш волчо яр тIехь долчу пенсионни страхованина взносаш шен хеннахь а, нийса а йиний хьажа таро хилар.
И дархьама шен индивидуальни лицевой счета тIера электронни выписка схьаэца еза. Цу тIехь болу хаамаш, уьш нийса а, буьззина а хилар оьшур ду страхови пенси хIотточу хенахь.
Аьттонаш бар алсамдолуш ду
Шен кабинетан гIоьнца балха дIахIоттаран а, балхара дIаваларан а хьокъехь Пенсионни фонде хаам бан аьтто бу пенсионерийн. Россин Пенсионни фондан сайта тIехь гражданинан Шен кабинета тIехь юкъадаьккхина керла хьашт кхочушдар.
ХIинца гражданинан аьтто бу электронни кепехь Россин Пенсионни фонде болх бар сацийна хиларан (балхара дIаваьлла хиларан) хьокъехь а, юха балха вахана хиларан хьокъехь а хаам бан.
Иштта хьашт кхочушдар юкъадаккхаран бахьана ду Пенсионни фондо 20 сов кепара пенсионни а, социальни а ахчанаш (выплаташ) луш хилар. Уьш далар я цадалар доьзна хуьлу стаг балхахь ву я вац бохучух. Ша аьлча, къамел ду кеманаш зеран белхахойн, федеральни пачхьалкхан граждански гIуллакххойн, космонавтийн пенсийн, къаналлина луш долчу социальни пенсийн, заьIапхошна а, къаношна а Iуналла деш болчу балхана хьуьнаре болчарна ахча даларан, пенсешна социальни тIетохарш даран, дуккха а кхечуьнан хьокъехь.
Билгалдаккха деза и гIуллакх данне а стаг балхара дIаваьллачул тIаьхьа страхови пенсина перерасчет ярца доьзна цахилар. Балхара дIабевллачу бахархойн пенсешна индексаци йо, хьалха а санна, болх луш болчара хIора баттахь еш хиллачу отчеташкахь болчу хаамашка хьаьжжина.
Цул сов, Шен кабинетехь алсамдаьхна дозанал арахьа Iаш болчу, Россин Пенсионни фондо дозанал арахьа уьш Iаш болчу меттехь пенсеш дIалуш болчу гражданийн хьашташ кхочушдар. Нагахь санна хьалха дозанал арахьа Iаш болчу вайн пенсионерийн шайна хIоттийначу пенсин бараман а, баккъал а йинчу выплатийн а хьокъехь справка еха езаш хиллехь а, хIинца хIоттийначу пенсин а, баккъал а йинчу выплатийн а хьокъехь хаам онлайн рожехь экрана тIе баккха йиш ю.
Россин Пенсионни фондо электронни кепехь кхочушдеш долу дерриге а хьашташ цхьаьнатоьхна.
Пенсионни фондан es.pfrf.ru сайта тIерчу цхьана порталехь Пенсионни фондан электронни кепара хьашташ кхочушдарх пайдаэцархьама пачхьалкхо хьашташ кхочушдаран (gosuslugi.ru) Цхьааллин порталехь тIечIагIдина йоза хила деза.
Нагахь санна вахархо порталехь регистраци йина велахь, цо пайдаэца беза регистраци еш билгалъяьккхинчу логинах а, паролах а.
Баллаш ягаръе вай
Пенси хIотточу хенахь кест-кеста хоьтту: цхьадолу шераш хьесапе хIунда ца эцна, масала, эскарехь гIуллакхдар юкъадахийтина, амма ВУЗ-хь дешна шераш стажа юккъе хIунда ца дахийтина? Цундела мехала ду муьлха муьраш страхови стажана юкъагIур да хаар а, хин долчу пенсин барамна тIехь иза муха хаалур ду хаар а.
«Тахана пенси хIотторан бакъенашца билгалдеш ду баллаш хIиттор. Уьш болх бинчу ханна хIиттийна Iаш яц. Нагахь санна официальни балха хIуттучу хенахь къамел «кIайчу белхан алапин» дукхаллех йоьзна йолчу пенсионни баллийн дукхаллин хьокъехь делахь, страхови боцчу муьрийн «мах» доза тоьхна бу», – боху Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу Отделенин пенси хIоттор вовшахтохаран а, (перерасчет яран) юха лараран а отделан хьаькама Мамадаева Маликас.
Дахаран социальни мехалчу цхьаболчу муьрашна, страхови боцурш санна стажа юккъе бохуьйтуш болчарна, пенсионни баллаш хIиттайо. Иштта, эскаре а кхайкхина, цигахь цхьана шарахь гIуллакхдарна, 1,5 шо кхаччалц хьалхарчу берана еллачу отпускана, 80 шо кхаьчначу пенсионерана, хьалхарчу тобанан заьIапхочунна, заьIап берана Iуналла дарна, уьш Iалашбарна 1,8 балла хIоттайо.
ШолгIачу беран 1,5 шо кхаччалц цуьнга хьаьжначу дена я нанна 3,6 балл хIоттайо. Ткъа кхоалгIачу а, цул тIаьхьарчу а бере хьожуш цхьана шарахь отпускехь хиллачунна 5,4 балл лур ю. Вуьшта аьлча, цхьана шарахь а, эха шарахь а дена я нанна 8,1 балла хIотто йогIу.
Цу тайппана, диъ бер долчу ненан, оьшуш йолчу 30 баллах, 24,3 балл хир ю. Уьш оьшур ю 2025-чу шарахь. Нагахь санна нанас, бере хьожуш отпускехь йолчу муьрехь болх бинехь, пенси хIотточу хенахь бакъо хир ю шен пенсина шена луъучу баллех пайдаэца: оцу муьрехь болх барна йолчу я бере хьожуш отпускехь йолчу муьрехь хIиттийначу баллех.
Пенсин бакъо тIекхаьчча яьхна йолу ерриге а баллаш тIекIалтуху, юха уьш пенси ваханчу (яханчу) шеран коэффициентан (механа) барамна тIетуху. Болх ца бинчу муьрана йолу баллаш шен кабинетехь гайтина ца хила а тарло.
Оцу хьолехь, пенсионни «калькуляторх» шен хин долчу пенсин барам лоруш пайдаоьцучу хенахь уьш шеггара юкъаяло еза. И хаар мехала ду.
Зорбане кечйинарг – С.ХАСАНОВ
№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо