Шен декхаршца дика ларайо

Шен декхаршца дика ларайо «Вайнах Телеком» акционерни юкъараллин компанин коллектив.

Карара а, дIадахана а бIешераш къаьстачу муьрехь, вайна бевза хиламаш бахьана долуш, массанхьа а адамийн дахаран цхьа коьрта дакъа хилла дIахIоьттина зIе, мелла а тIахьо яьржира вай долчохь. Лулара жIайхой а, хIирий а-м хIунда буьйцура, вежарийн ГалгIайн Республикерчу бахархойх хIора а коча телефон оьллина лелачу шерашкахь а ишттачу цивилизацига вай кхочур а дуй тIехьа аьлла хетара.

Ткъа дуьххьара юкъаяьлла зIе мел еза яра! Лулахоша минотана кепекаш лучу хенахь, вай долчохь 8–12 сом мах бара. Моьттур дара, шина тIамах чекхъяьлла республика а, цуьнан адамаш а цхьа дахаран хьал лакхадаьллачу хьолах чекхдевлла.

Делахь а, кхеташ дара: шайца къематан ун дохьуш, эзарнашкахь террористаш чубаьржинчу зенах, вай бухадисинарш, даларх кIелхьарадевллера. И къемата дIадирзинчул тIаьхьа, вайна зIе юьллуш вогIург а вайх къахеташ, вай дуьненна тIаьхьакхиахьара аьлла Iалашо йолуш ца вогIура, олуш ма-хиллара, аьтто баьллачуьра катоха вогIура.

2003-чу шарахь, дуьххьара ша кху махкара а, кху мехкан адамийн хьашташ кхочушдан нийят долуш хилар шен цIарца а довзуьйтуш, болх бан йолаелира «Вайнах Телеком». Ткъа 2009-чу шарахь дуьйна, Нохчийн Республикин ерриге а кIошташкахь бахархойн хьашташ кхочушдеш офисаш йолуш компани хилла дIахIоьттира иза. Оцу шеран хIутосург (май) баттахь официальни схьайиллина, зIе-машанан дуьненахь шуьйра йовза йолаелира компани.

«Вайнах Телекоман» коммерцин директора Хасайнов Романа тхоьга динчу къамелехь билгалделира, тахана «Вайнах Телекоман» коммерчески департамент бахьанехь цхьа бIе сов вахархо балхахь дIанисвелла хилар а, тайп-тайпанчу дакъошкахь, массанхьа ларош йолчу кхачаман зIенан оператор иза хилар а.

Кхуьнан белхан меттигаш Соьлжа-ГIалахь хилла ца Iаш, лаьмнийн Шуьйтахь а, аренийн ЧIуьлга-Юьртахь а, малхбузерчу Энахишкахь а, малхбалерчу Шелковскехь а ю. Уьш ерриге а 24 ю. Билгалдаккха деза, Нохчийчохь хилла ца Iаш, Къилбаседа Кавказехь а йоккха мультисервисан зIенан оператор ю «Вайнах Телеком».

Адамийн дахарехь ца хилча йиш йоцучу кепара юкъаяьлла керлачу коммуникацин зIе латторехь дуккха а белхаш дIахьо «Вайнах-Телекомо».

Кхечу операторх иза къасториг – вайзаманан технологеш шуьйра юкъаялор а, интернет-технологин гIуллакхаш кхачаме кхочушдар а, бахархойн хьашташ коьрта хетар а, уьш дийно-дийно тIеттIа дика кхочушдар а ду.

Муьлххачу а меттигехь йолу церан офисаш хаддаза адамийн хьашташ кхочушдеш болх беш ю, хуьлда иза мобильни GSM зIе, 4G LTE Интернет, терахьан телефон я видео телефони (аз хазарал сов, кхачаме сурт мел гена а дIагайта таро йолуш), хьо генахь велахь а хьайн чохь-цIахь я балхан меттехь дерг ган таро йолу зIе, и.дI.кх.

Мел жима коллектив а адамех лаьтта, ткъа хIора а адам шен амал йолуш хиларе ладоьгIча, «Вайнах Телекомехь» уьш берриге а цхьана доьзалехь кхиъча санна, цхьабосса гIиллакхе, оьзда, кIеда-мерза бистхилар долуш хиларал сов, шайн белхан коьрта декхар бахархойн хьашташ ма-хуьллу кхачаме кхочушдар дуйла хууш а бу. Иза бен-башха а дац компанин офисан я цуьнан вайзаманан технологин гIирсаш бухкуш йолчу «Вайнах Техноком» туьканан белхахой белахь а. Цуьнан бахьанах кхетийра тхо Р.Хасайновс:

– Тхан куьйгалхо Масаев Салман ву низам лардарехь масал гойтург, – дийцира цо. – Муьлххачу а хаттарца, хуьлда иза балхах лаьцна я кхечу хиламаца доьзна, дийнахь-буса билгалъяьккхина зама яц Салманан шен белхахой я бахархой тIеэцаран. Шеко йоцуш, ишттачу куьйгалхочуьнца болх бан атта ду, цунна шена мухха делахь а. Ткъа тхан йоккха коллектив цхьа боккха доьзал санна хиларна, куьйгалхочун а, доьзалан ден а декхарш кхочушдан дезаш хуьлу Салман. Уьш цо лаккхарчу говзаллица кхочуш а до.

– Шен белхан декхарш кхочушдина Iаш вац Масаев, иза комаьрша а волуш, ша схьаваьллачу юьртан а, шен махкахойн а хьашташ ницкъ кхочучу кепара кхочушдеш, бусалба стаг ву, – бохура цуьнан юьртахочо Анзорова Амната а (амма Салманна хинйолчу восах ларъялархьама, оцу гIуллакхийн цIерш ца ехира цо).

Масаев Салман ша вовза таро ца хиллехь а, шен болх бевзаш, цуьнан дика агIонаш кхиорна тIехь къахьоьгуш, шен белхахой адамаш дуйла хууш, цаьрца адамаллин некъа тIехь чекхволуш, хьарам-хьанал девзаш, къастош волчу куьйгалхочун васт кхолладелира сан «Вайнах Телеком» белхахоша динчу къамелашкахь. Шеко яц, иштта куьйгалхой алсам мел хуьлу, вайн къам бусалбаллин некъа тIехь чIагIлург хиларан.

Тхан къамел чекхдолуш, компанин кхане муха хир ю аьлла хета хьуна аьлла динчу хаттарна жоп луш, Р.Хасайновс дийцира:

– Вайзаман компанин хиларе терра, тхан дуккха а проектни белхаш бу. Карарчу хенахь компани зIенехь ю Питерерчу «ВСС» фирмица, цуьнан Iалашо ю вайн бахархойн хьашташ кхочушдан республикехь IT-телевидени юкъаялор. Оцу гIуллакхан технически тIедахкарш кхочушдина девлла тхо, спутника тIера хаам тIеэца таро хир йолу гIирсаш вовшахтухуш бу. Тахане кхиаре хьаьжжина, зIенан роумингашца а алссам белхаш хуьлу тхан – билгалъевлла къоман роуминг, кхечу пачхьалкхийн роуминг, и дI.кх.

Кестта тIекхочур ду вайн бахархой ХьаьжцIа гIур болу денош. Цига зIе дIаса кхетар чолхе доцуш хилийтар а тхайн гIуллакх хета тхуна.

Дала мукъ лахь, Дела дуьхьа а, вайн махкахойн дуьхьа а диканиг алсам доккхуш, вониг дIадоккхуш къахьега нийят ду-кх тхан.

– Дала аьтто бойла шун, – алар дисира тхуна.

Т.САРАЛИЕВА

Суьрта тIехь: Хасайнов Роман

№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: