Журналистикин новкъахь къахьега кийча бу

ХIокху деношкахь Зорбанан цIийнан актови залехь «Шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой Iаморан а, юхаIаморан а туьшехь» дешна бевллачарна дипломаш дIадалар дIадаьхьира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Респу- бликин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Гудаев Лоьмас, Нохчийн Республикин Парламентан депутата, республикин Къанойн кхеташонан председатела Ахмадов Сайд-Iабдуллас, Россин Яздархойн союзан декъашхочо, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Хатуев Ислама, оцу туьшан директора Юнусов Хьамзата, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин векалша, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн куьйгалхоша.

Цхьаьнакхетар дIахьош дара Тайсумова Хьава а, Мусаев Ахьмад а.

Хьалхара дош олуш вистхилира Юнусов Хьамзат:

– Тахана туьшо арахоьцуш ерг 15-гIа тоба ю. Дешархошна зорбанан, хаамийн электронни гIирсашкахь а, телерадиокомпанешкахь а болх бан аьтто бина оха. Шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь а, министерствийн пресс-службашкахь а, иштта вайн республикин кхийолчу организацешкахь а белхаш беш бу кхузахь дешна болу кегийрхой. Шайна Iамийначух пайда а оьцуш, могаш-маьрша а, ирсе а шу дехийла луур ду суна. Дала тIаьхье беркате йойла шун!

Кегийрхой декъалбеш вистхилира Гудаев Лоьма:

– Лаьа, шаьш хаьржинчу новкъахь кхиамаш хуьлуш, журналистика хьашт йолуш, мехала корматалла хуьлийла. Лаьа, хIокху дахарехь шун аьтто хуьлийла а, аш тахана дIаболийначу керлачу некъан тIаьхье беркате хуьлийла а.

Цо билгалдаьккхира, туьшан куьйгалхочо а, хьехархоша а тIаьхьарчу шерашкахь журналистика кхиорехь доккха дакъалаьцна хилар.

Туьшо хIокху шарахь арахецнарг 39 дешархо ву. Царах 10 дешархочунна цIен дипломаш делла.

Журналистикин Iилма Iамош дика чекхбевллачарна Гудаев Лоьмас а, Хатуев Ислама а цIен дипломаш дIаделира.

Шайн хьехархошна баркалла а олуш бистхилира хинболу журналисташ.

Цхьаьнакхетар дерзийра туьшан арахецархоша шаьш кечйина концертни программа гайтарца.

Х.АСЛАХАНОВА

Авторан суьрташ тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой

№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: