Аьхкенан гастролаш дIайолош ю

ХIора а шарахь вайн республикин Къоначу хьажархочун театран аьхкенан гастролаш дIаюьйлало асаран (июнь) беттан хьалхарчу деношкахь. Вайна ма-хаъара, бераш школера мукъа долчу хенахь церан мукъа хан дуккха а хуьлу.

Къоначу хьажархочун театран хаза ламаст ду аьхкенан мур дIаболабелча, вайн республикин кIошташкарчу берийн самукъадаккхар.

Вайна ма-хаъара, генарчу меттигашкарчу (масала, Теркан, Итон-Кхаьллан, Веданан кIошташкахь) цхьадолчу дай-нанойн, шайна ма-хетта, таро ца хуьлу уьш кест-кеста спектаклашка бига. Цундела, генарчу кIошташкарчу берашна къаьсттина хаза кхаъ хуьлу, шаьш долчу Къоначу хьажархочун театран артисташ богIий хиъча.

Иштта, хIокху шарахь а, шаьш берашна гайта леринчу спектаклех церан самукъадериг хиларх йолчу дегайовхонца дIаболор бу цара шайн гастролийн мур.

ХIокху аьхка гайта лерина йолу спектаклаш – «Золотой цыпленок» (режиссер Л.Шахова), «Кот в сапогах» (режиссер В.Домбровский),«Тайна пещеры (режиссер Я.Делаев), «Веселые медвежата» (режиссер В.Домбровский).

Вайн заманахь телевизор, телефон йоцург кхин гуш хIумма а доцучу берашна доккха совгIат ду артисташ шайн кIошта схьа а баьхкина, цара спектакль гайтар.

Спектаклашкахь гойтуш дерг туьйра делахь а, царах хIорангахь а доккха хьекъал ду. Берашна дахарехь «дика» а, «во» а къасто Iамадо цара.

Шайна уггаре а хьоме болчу кегийчу хьовсархойн дуьхьа леррина кечам бина театран актераша. Уьш тешна бу, шаьш гайта леринчу спектаклашна уьш резахирг хиларх а, церан иэсехь еххачу хенахь уьш лаьттарг хиларх а.

З.ЛОРСАНОВА

№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: