Желтойчоьнан Афины гIалахь чекхъяьлла самбохула Европин чемпионат.
Россин вовшахтоьхначу команди юкъахь къийсадаларшкахь дакъалецира Нохчийн Республикерчу «Беркут» клубан векала Хабибулаев Шайх-Мансура.
Йозаллин барам 68 кг йолчу категорехь финале ваьлларг вайн самбист а, Украинера Кондратович Богдан а вара.
ЖамI 8:1 долуш туьйлира Шайх-Мансур.
Дашочу мидалца цхьаьна карарчу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь Болгарехь дIахьур йолчу дуьненан чемпионатехь дакъалаца бакъо а яьккхина цо.
Шен 24 шо долуш волу Ш.Хабибулаев Россин чемпион а, дуккха а турнирийн толамхо а ву.
Йоккхачу спорте болчу новкъахь мехала гIулч ю Европин чемпион хиларца цо яькхинарг.
Хь.АБАЕВ
№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо