Эльдаров IабдулкъахIир-м (Дала декъал войла иза), шех ала алссам диканиг долуш хиларал сов, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахошна а, нохчийн мотт хьоьхучу хьехархошна а дика вевзаш вара. Шен дахаран 54 шо школина дIаделла волу иза тIаьхьарчу 25 шарахь Гуьмсан районерчу Ойсхарара №2 йолчу школехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш вара.
Иза дагалацарна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира цо болх бинчу школехь. Дагалецаман суьйрене гулбеллера IабдулкъахIиран белхан накъостий а, дешархой а, гергарнаш а, 1едалан векалш а. Цхьаьнакхетар дIадолийра, Iабдулкъахьирца дуккха а шерашкахь болх бинчу Идалов Нажмуддис доIа дарца.
Цул тIаьхьа дийкира суьйре дIахьочу Борщигова Iайшатан аз: «Маржа яI, Iожалла, ма стешха кадетта ахьа тхох. Ма къиза хуьлу-кх хьан, цIеххьана, тIехьашха деш долу тохар. Цунах ца вели тхан ваша IабдулкъахIир а. Нохчийн къам дезаш, шен дахар, корматалла вайн къоначу чкъурана-дешархошна лерина схьавогIура иза. Хабарца кIеда, мерза, мел олучу дашца оьзда, даима буьйцург сил дукха беза нохчийн мотт болуш, цунах баккъал а дозалла деш ваьхнера иза».
– Эльдаров IабдулкъахIир дика вевзачара дийцарехь, хьолада вацара иза, цуьнан хьал-бахам синпаргIато, шен къоман мотт, гIиллакх-оьздангалла, Даймохк безар дара. Говза хьехархо хилла Iаш а вацара иза, бусалба ваша, доьзална дика да, йиша-вешина дика ваша, тайпа-тукхамна хьалхаваккха оьзда стаг вара. «Адамийн жималла а, къоналла а, дахар а ца лаьтта даима, – билгалдаьккхира хьехархочо Курбанова Яхийтас, – амма дикачу адамах и дийна волуш санна, ала дика дош а, яккха цIе а юьсу. Уггаре а халчу хенахь а, болх белаш, вайн бераш дIатасий ма диталаш, дешна воцу стаг миска ву шуна бохуш, хьехархойн дог ойъура цо. Эльдаровс язйинчу методически пособех хьехархоша пайдаэцарх лаьцна а дийцира цо.
Кегийрхошка дош кхаьчча, дийкира церан къона аьзнаш:
– Нур догуш буьйжи цхьа седа,
Хеди цхьа дахаран тай.
Iамийнарг ненан мотт тхуна,
Вац бохург, бакъдуй-те, хIай?
Доьзалан санна деш дола,
Дешархойн оьцура дог.
«Уггаре а тоьлла Хьехархо»,
Олуьйтуш бора шен болх.
IабдулкъахIир цIеххьана ца велира хьехархочун новкъа. Цуьнан дахаран а, кхоллараллин а некъах дийцира Борщиговас. Цуьнан дийцарехь хезира IабдулкъахIиран дагалецамаш а. Казахстанехь, 8-чу классехь доьшуш волуш, математика хьоьхуш хиллачу казаха Алжановс безабалийтира шена хьехархочун болх, олура цо.
Республика меттахIоттийначу 1957-чу шарахь шен юьртахь Беной-Веданахь волавелира иза хьехархочун болх бан. Цул тIаьхьа белхаш бира Нажи-Юьртан районан дешаран отделехь а.
Амма миччанхьа а, муьлххачу а даржехь хилча а нохчийн мотт, литература хьоьхучуьра ца соцура иза.
Кхийолчу предметийн санна, школашкахь нохчийн меттан а шен кабинет хила езар гайтира цо. 1979-чу шарахь, цу хенахь ша болх беш хиллачу Нажи-Юьртарчу школехь нохчийн меттан кабинет йинарг а вара IабдулкъахIир, Цуьнан буха тIехь нохчийн мотт, литература хьехарна лерина дуьххьарлера республикин семинар а йира цо.
Цуьнан белхан лаккхара мах хадийра Даймахко: районан дешаран декъан а, Дешаран а, Iилманан а министерствон а Сийлаллин грамоташ а, Хастамалин кехаташ а, дипломаш а хилла ца 1аш, 1980-чу шарахь «Отличник народного образования РСФСР» а, 1981-чу шарахь «Старший учитель» а, 2002-чу шарахь «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» а цIерш тахкарца.
Ткъа республикин дешаран декъехь 50 шарахь хьанал къахьегарна, 2007-чу шарахь, республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан указца Эльдаров IабдулкъахIирна «Халкъан хьехархо» аьлла сийлахь цIе а тиллира.
1986-чу шарахь дуьйна ша лазаро кIелвитталц (2011-гIа шо) Гуьмсан районерачу Ойсхарарчу № 2 йолчу юкъардешаран школехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш вара иза. Жимма а лазаро ша дIахецна меттиг нисъелча, шен коллективе вогIуш а, берашца цхьаьнакхеташ хазахеташ а вара.
Гулбеллачарна юккъехь бара IабдулкъахIира хьехна, цуьнан масалца хьехархочун болх хаьржинарш. Церан цIарах йистхилира Докаева ТIаус. IабдулкъахIир вевзаш хиллачара, цуьнан адамаллин, аьхначу амалех лаьцна а, шен мохк, мотт безар, и бовзар цуьнан кIорггера хиларх лаьцна а къамелаш дира. Царна юккъехь вара меттигерчу администрацин векал Курбанов Iусман, хьехархой: Мусаева Малика, Идалов Нажмудди, Хабилова Манжаъ, иштта кхиберш.
Цхьаьнакхетаре кхайкхина волчу IабдулкъахIиран кIанта Iаьрбис даггара баркалла элира шен дех оццул довха дешнаш аларна, дагалецамаш бийцарна. Цхьаьнакхетар чекхдолуш IабдулкъахIирах лаьцначу киноролике хьаьвсира гулбелларш. Цул тIаьхьа а школин фойе чохь а, уьйтIахь а дIаса ца къасталуш, оцу башхачу стагах болу дагалецамаш юх-юха а карлабохуш, соьцура гулбелларш. Кхузаманан сихалле хьаьжна доцуш, ша дIавахча а, бухабиснарш диканна вовшахтоха, вовшашка бистхила, бIаьра хьажа хан каро беркат долуш Эльдаров IабдулкъахIир хилла хилар гуш дара.
Зорбане кечйинарг – Саралиева Табарк