Беркате грант а, PADI-н ламаст а

Дайвинг-инструкторийн говзанчийн Ассоциацис (PADI) 1995-чу шарахь дуьйна билгалдоккхуш ду Хиш цIандаран дуьненаюкъара де. Оцу дийнахь волонтераша баккхий белхеш вовшахтуху луьйчучарна а, хи бухахула лелачарна а новкъарло, зен дан тарло хIуманаш а, нехаш а дIайохуш, хиш цIандеш.

Россехь и де билгалдаккхар бархI шо тIаьхьа долийна. Хиш цIандаран дуьненаюкъара де кхечу пачхьалкхашкахь гурахь билгалдоккхуш делахь а, Россехь асаран (июнь) беттан хьалхарчу мукъачу дийнахь билгалдоккхуш ду.

Вайн республикин жигара кегийрхой а ца буьсу оцу гIуллакхна юьстах.

Соьлжа-ГIаларчу М.Миллионщиковн цIарахчу пачхьалкхан маьхкадаьттан техникин университетан прикладни хаамийн технологийн факультетан шолгIачу курсан студента Акбулатов Мохьмад-Хьусейна дакъалецира Ерригроссин кегийрхойн «онлайн» конкурсехь.

Цигахь Мохьмад-Хьусейна 100 000 соьманна грант яьккхира «Живая вода» проектехь. Шелан кIоштарчу – Сиржа-Эвлахула а, Эвтарахула а, Курчалойн кIоштарчу Гелдаганахула а, Цоци-Эвлахула а охьадогIучу Хули хинан йистош нехех дIацIанъяран Iалашонца кечйина проект яра иза.

Мохьмад-Хьусейна шеца доьшуш болу студенташ вовшах а тоьхна, «Живая вода» волонтерийн тоба кхоьллира.

«Оьшуш болу гIирсаш а эцна, шайн лаамца вовшахкхеттачу волонтерашца дIадолийра оха тхайн проект кхочушъяр. Оцу гIуллакхехь дакъалаца луурш а, дагахь доцуш, дуккха а вовшахкхийтира. Масех юьртара бахархой а белаш, метигаш, шалгош йохьуш белхех баьхкира. Царна бок- кха кхаъ хиллера оха вовшахтоьхначу гIуллакхах. БIаьстенан юьххьехь ло дешачу хенахь а, догIанаш ихча а хино охьатекхийна нехаш дIайохуш, берашна лийча мегар йолу меттигаш билгалйохуш белхаш дIабаьхьира оха, – дуьйцу М-Хь.Акбулатовс – Сиржа-Эвларчу, Эвтарарчу, Гелдаганарчу, Цоци-Эвларчу школийн дешархошна хи тIе лийча дахча, ларъян еза бакъенаш а йовзийтира, оьшучунна сиха гIо даран мастер-классаш а гайтира волонтераша. Иштта, дешархошна юкъахь суьртийн «Ларде хи» конкурс дIаяьхьира оха, тоьллачеран суьртех баннерш а яйтина, хин йистошка дIатоха».

«Живая вода» проект оьшуш хиларх а, и санначу беркатечу гIуллакхо доттагIалла а, барт а чIагIбеш хиларх а тешийра студенташ. Уьш кхидIа а Iалам а, хиш а цIандаран волонтерийн белхаш дIабахьа дагахь бу.

ВЕГИЕВА МАККА

№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: