«Локобол-РЖД» фестиваль

Берийн футболан дуьненаюкъара «Локобол-РЖД – 2018» фестивалан гурашкахь гIаланашкахь турнираш дIаяхьаран болх чекхбаьлла.

Цу юкъахь дакъалаца йиш яра бераша шаьш вовшахтоьхначу командийн а, иштта, клубашна къона чкъор кхиорехь къахьоьгучу академийн командийн а.

Фестивалан гурашкахь Россин 98 гIалахь дIаяьхьира турнираш. Оцу гIаланийн могIарехь хиллачу Соьлжа-ГIалахь турнир Нохчийн Республикин Футболехула йолчу федерацис дIаяьхьира хIутосург (май) беттан 13-чу дийнахь.

Цул сов, Россерчу гIаланаша дакъалаьцна ца Iара карарчу шарахь оцу Фестивалехь: Казахстанан а, ГIиргIазойчоьнан а, Узбекистанан а, Литван а, Болгарин а гIаланаша дакъалецира.

Фестивалан финал асаран (июнь) беттан 11-14-чуй деношкахь Ставрополехь дIахьур ю.

Акционерийн «Россин аьчканекъаш» юкъараллин Социальни кхиоран департаментан хьаькаман заместитель Брагина Юлия ю (тел.: +7(499)262-08-39) «Локобол-РЖД – 2018» фестиваль дIаяхьарна тIехь Iуналла деш.

Асаран (июнь) беттан 11-14-чуй деношкахь Ставрополехь дIаяхьа леринчу Финалах лаьцна хаа йиш ю меттигерчу юкъараллин «Ставрополан крайхь Футболан федераци» организацин президентера Барабаш Сергейгара (тел.: +7(962)440-90-09).

№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: