Библиотекийн де билгалдаьккхира

Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь Библиотекийн Ерригроссин денна лерина даздарш хилира.

Цигахь дакъалоцуш вара республикин Культурин министр Дааев Хож-Баудди, Грозненски кIоштан администрацин куьйгалхо Хасиев Бекхан, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, яздархой Мамакаев Эдуард, Кусаев Iадиз, Юсупов Руслан, Борхаджиев Хож-Бауди иштта Нохчийн Республикин ерриге кIошташкара библиотекарш.

Циггахь, «Шеран библиотекарь – 2018» региональни конкурсан толамхой билгалбехира.

Хьалхара меттиг яьккхира Невран кIоштарчу Савельевски юьртан библиотекин заведующис Ибрагимова Лайсас, шолгIа меттиг – Шелковски кIоштарчу Парабоч юьртан библиотекин заведующис Витагурова Элинас, кхоалгIа меттиг йийкъира: ТIехьа-Мартан кIоштарчу Закан-Юьртин библиотекин заведующис Ибрагимова Кулсама а, Невран кIоштарчу Левобережни юьртан библиотекин заведующис Гармаева Каметас а.

Оцу даздаршкахь довзийтира«Билиотекина книга ло» республикин марафонан жамIаш.

ХIокху шарахь Нохчийн Республикин къоман библиотеке вайн пачхьалкхан тайп-тайпанчу регионашкара 30 000 сов книга кхаьчна хиларх лаьцна хаам бира къоман библиотекан директора Исраилова Сацитас.

Вайн республикехь 266 библиотека ю, цигахь къахьоьгуш 645 библиотекарь ю. Цара массара а шайн къинхьегаман дакъа юкъадуьллу тIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиорехь дIахьочу балхана.

Хууш ма-хиллара, вайн заманахь библиотекин хьелаш, цуьнга болу лехамаш хийцабелла, керла технологеш юкъаевлла. Амма цхьана а керлачу технологе ца кхочу кара а эцна книга ешар.

Шайн белхан декхарш кхиамца кхочушдарна а, Нохчийн Республикин культурин дахарехь жигара дакъалацарна а Нохчийн Республикин Правительствон а, Парламентан Сийлаллин грамоташца а, Баркаллин кехаташца а, республикин Культурин министерствон «Культура кхиорна» билгалонашца а культурин министра Дааев Хож-Бауддис билгалбехира библиотекийн цхьаболу белхахой.

Тахана шу шайн корматаллин денца декъалдан лаьа суна, библиотекийн белхахой! Аш бийриг кIезиг болх бац. Бераш а, кегийрхой а ешаре марзбарехьа къахьоьгу аш. Шуна даггара баркалла ала лаьа суна. Книгийн мехалла йовр яц. Книгаш шайн бахам а хеташ, шайн дахар библиотекица доьзначу шух оха дозалла до, – элира Дааев Хожа-Баудис.

Цул тIаьхьа библиотекийн белхахой декъалбира Ибрагимов Кантас:

Суна Библиотекийн денца даггара декъалдан лаьа шу. ТIекхуьучу кегийрхошна книгаш ешар марздеш а, хаздеш а кхидIа а аш болх бойла, балха тIехь шун керла кхиамаш, аьттонаш хуьлийла лаьа.

Даздарийн официальни дакъа дIадирзича библиотекаршна а, хьешашна а кечдина музыкальни совгIат дара Нохчийн пачхьалкхан I.Шахбулатовн цIарах йолчу филармонин пачхьалкхан оркестран солисташа.

МОВСАРОВА Хеда

Авторан суьрташ тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой

№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: